Террорхошца зIенаш хилла аьлла, Азербайджано бехкевина, 13 шо набахтехь даьккхина Нохчийчоьнан вахархо, 4 беран да Такаев Сайд-Хьусейн гергарчу хенахь пачхьалкхера аравоккхуш ву Iедалхоша.
Карарчу беттан хьалхарчу деношкахь депортацин куьпа валийна Такаев, Оьрсийчу дIахьажо. Бакун Iедало официалехь еллачу политикан мухIажиран статусех ваьккхина иза лоцучу хенахь.
Такаев Сайд-Хьусейнан гергарчара а, доттагIаша а кхайкхамбина бакъонашларъяран организацешка, нагахь Оьрсийчоьне дIалахь, цуьнан дахарна кхерам буйла а хууш, гIо доьхуш.