ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайх лаьцна веша дийцича гIоле дац?"


Австрин телевизионехь нохчех лаьцна ток-шоу
Австрин телевизионехь нохчех лаьцна ток-шоу

Австрин телевизионехь къоман интересаш ларйо нохчийн кегийрхоша

Австрехь телевизионехь тIаьххьарчу кIиранашкахь масех политикан теманашна леринчу ток-шоун программашкахь дакъалоцуш бара къона нохчийн политикаш а, студенташ а.

ХIинцалц схьа австрихойн хаамийн гIирсаша диаспорера цхьа а стаг шайн программашка кхойкхуш а воцуш, нохчийн къомахчу я нохчийн къомах болуш санна политикан тховкIело кхаьчначу наха лелочу талорех лаьцна дуьйцура.

ХIинца эххар а диаспорерчу нахе дош далар дика хетарца тIеоьцу дукхаъчу меттигерчу вайнаха.

Амма бу иштта цу телевизионашка нохчех волу стаг вахар оьшуш дац аьлла хеташ берш а. Ишттачарна ца тов, телевизионехь нохчийн къомахчу цхьаццаболчу наха лелош долу зуламаш кхайкхинчу австрихойн эксперташа дийцаре дар.

Австрехь мухIажаршца белхаш беш йолчу социалан белхахочунна Дадаева Зулейханна хетарехь, и зуламаш иштта а шерашкахь Австрерчу хаамийн гIирсашкахь дийцаре деш ду. Ткъа иза а аьлла, вайнах йистах севцича мелхо а и дийцарш мелхо а алсамох хир ду: "Кегирхой цига бахча бакъхьар хета суна, вайн шортта дешна а, хьекъале а кегирхой буйла дIахаийтархьама. Вайн кхузахь болчу аьттонашна реза а долуш, вай дехаш дуйла хаийта а. Вай ца аьлча мила гIур ву иза вайна хьалхара дийца?"

Австрерчу социалистийн партехь къоначу политикийн декъан жигархо ву Эдельмурзаев Адам. Иза ша а хилла хийла телевизионехь политикан программашкахь дакъалоцуш. Цунна хетарехь, нохчаша шайх лаьцна дийцийтарна метта шайца дийцийта деза: "Суна хетарехь, цу программашкахь дакъалацар пайдехьа хIума ду. Вайх лаьцна нахе дуьйцуьйтучул а, вай дийца деза вай. ХIоразза а тайп-тайпана нах бахийта беза цига, вайн шортта хьекъале нах буйла гайта. Къаьсттина кегирхошна дика хета иштта хIума телевизионехь гича, цара яздо соьга шайна тайнарг".

ХIоразза а австрихойн телевизионехь нохчийн къомах стаг я зуда декъаволуш программа хилча я газетехь интервью араяьлча иттанашкахь махкахой бовлу, къаьстина социалан машанашкахула а, вастаппехула а и интервьюш дIаса а туьсуш, анонимечу комментарешца царна резадацар даржош.

Цхьаболчара хIараъ-хIараъ аьлча дика хир дара тIаккхахула олу. Нисло иштта цу программашкахь дакъалоцуш болу вайнах къайлаха агенташ а, мостагIий а болуш санна царна тIехь сакхташ лоьхуш а, кхуллуш а берш.

Делахь а доккхачу декъахь нохчийн къомах жимстаг я зуда меттигерчу телевизионехь дискуссешкахь дакъалоцуш хилар хазхетарца тIеоьцу наха аьлла хета Дадаева Зулиханна: "Чохь со цу программе хьожучу хенахь вайн чуьра доьзалхой - студенташ а хьевсира соьца. Тхуна чIогIа дика а хийтира цу нохчийн кIанта дина къамел.

Критика оьшуш ю цига боьлхучу кегирхошна, амма и критика конструктиве хила еза. Цара аьллачунна юккъехь диках дерг билгал а доккхуш, тIаккха хIара а, хIара а тIаккхахула аьлча дика хир дара, олуш. Царна мотиваци хилийта а, вайн къоман интересаш ларъян церан лаам хилийта а".

Эделмурзаевс шена зеделлачунна тIе а тевжаш, бакъ ца до ишттачу ток-шоушкахь модераторо цхьа агIо лоцу бохург: "Хьо цхьа хIуммаъ ца олуш IадIийча, хьоьга дош кхочур дац. Хьайн оппонненто цхьа хIума харц олуш делахь, тIаккха юккъе а гIоьртина, хьайна дош даккха дезаш нисло. Вистхила луучунна дика меттиг бу иза. Модераторо дош ца кхочуьйту аьлла ца хета суна".

XS
SM
MD
LG