ГIалгIайчоьнан маьждигашкахь бечу хьехамашкахь политика ца йийцийтархьама, мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека видеокамераш хIиттийна, тIаьхь терго латтор ю аьлла. Хьаькамашна критика ца яйта Iалашонца тIеэцна и сацам аьлла хета махкарчу муфтиятна.
2016-чу шарахь дуьйна, "Кавказан узел" агенталлан хаамашца, Евкуровс тIедиллинера маьждигашкахь камераш хIиттор. Назранерчу Наьсарарчу маьждигна хьалха машен эккхийтинчул тIаьхьа динера ишта дIахьедар.
ХIетахь 4 стагна чевнаш йира динчу эккхийтарехь. Гинчара дийцарехь, имамна Чумаков Хьамзатна динар тIелатар дара и.
Динан а, Iедалан а юкъара цхьа лаам хила беза аьлла Евкуровс, машар чIагIбар республикехь. Ткъа бечу хьехамашкахь политика ца йийцичхьана, далур долуш хIума ду и аьлла хета цунна.
ГIалгIайчоьнан муфтийс ШарIан кхелаца кхерам тесна Евкуровна.
"Цхьа а политика яц имамийн хьехамашкахь, я хилла а яц. Хьаькамаша шайна резабоцучу нахе къамелаш ца дайта некъаш ду лоьхуш", - аьлла муфтийс Хамхоев Iийсас.
Бакъду аьлла цо, дукхахболчу имамаша меттигерчу Iедалша бахархошна оьшург ца латтош, шайн декхарш ледара кхочушдарх дуьйцу. "Iедалан ледарлонаш йийцар, хьаькаминй леларехь хьарам, хьанал дерг къастор – и декхар ду Делах тешачу стеган", - аьлла Хамхоевс.
Хьаькамаш динан Iилманхошна юкъагIерта ца беза, хIунда аьлча, дин дIакъастийна ду пачхьалкхех. "Низамаш а ца лардеш, динна юкъагIертарш совцо некъаш карор ду тхуна", - аьлла, дIахьедина муфтийс.