ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цу маьждигашкахь цхьа а политика ян-м яц"


​Масийта шо хьалха гIалгIайн Iедалан а, муфтиятан а юккъехь доладеллачу девнан рогIера жигаралла ю кху деношкахь билгалъяьлла. Муфтийс Хамхоев Iийсас емалдина республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека махкахь мел долчу маьждигашкахь видеокамераш хIоттае аьлла, дина омра. Уьш оьшуш ю аьллера цо, кхерамзалла лаккхаяккха а, иштта хьехамашца политика ца йийцитархьама а. Цунна хIинца дуьхьал бу меттигера динан дай.

Ала догIу, Евкуровс и дIахьедар динера ши шо хьалха, тахана шега цуьнах хIун хилира аьлла, хаьттича муфтийс Хамхоев Iийсас, шайн цунна дуьхьал даккха хIума ду аьллера.

Цо дийцарехь, ШарIан кхеле лур ву иза, нагахь санна, иза кхочуш дан гIортахь. Вайн пачхьалкхехь Iедал а, дин а къаьстина ду, аьлла тIе а тухуш.

Динан а, Iедалан а вовшашца даьллачу девне тергонца хьоьжу гIалгIайн юкъараллехь. Тахана дIоггара гена ца даьллехь а, кхане дика ца хила мега аьлла хета нахана.

Юкъаралхочо Манкиев Бамтгирис ша ца кхета боху, шайна иштта а муьтIахь болу динан хьалханчаш кхин мича тIеозо гIерта Iедал: "Цу маьждигашкахь цхьа а политика я-м яц. Аушевс аьлларг а, Зязиковс аьлларг а, хIицна волчо а аьлларрг деш ду-кх цигахь. Со ихна Рузбане. Цигахь КъорIанан аяташ а, Пайхамаран хьадисаш бен дуьйцуш дацара, со хиллачу маьждигашкахь".

ГIалгIайн махкахь хIинца дан гIерташ дерг цуьнан луларчу Нохчийчохь тоххарехь кхочуш дина. Кхузахь кхо стаг бен воьдуш воцчу маьждигехь бен хьехам а бу тергонехь латтош, литта а литтина, имаман хьалха биллина.

Изза дан гIоьртина гIалгIайн махкара Iедал а, амма чекх ца даьлла элира юкъаралхочо Манкиев Бамтгирис: "ГIоьртина кхузахь имамаш юьртдайн куьга кIел бало. Цуьнах гIуллакх ца хилла. Иза харцо ю. Юьртдайшна иза лаахь а, ша динчу къамелах жоьпе имамаш ма бай. ТIаккха Дала бохург харцо йолуш ма даций, кхара цIена иза лелийчхьана".

Евкуров дуьххьара луш вац шен махкахоша шарIан кхеле. 2011-чу шарахь пачхьалкхан а, меттигерачу а парламенте хиллачу харжамашкахь харцонаш лелийна аьлла, оцу кхеле арз динера гIалгIайн оппозици лоручу къанойн кхеташоно.

Кхелан къедас иза а, цуьнца цхьана бехке веш волу харжамийн комиссин куьйгалхо Евлоев Муса а тIевалаве аьллера шена.

И шиъ кхин тIе а ца веана, и гIуллакх дола а ца деш, дижийра цигахь, цу шиннан бехк кхечу пачахьалкхан кхелаша листа деза аьлла. Иштта хила там бу хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG