ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн берех кино яккха кечам болийна Австрехь


Нохчийн бераш дакъалаца кечлуш ду филм йоккхуш дIахьочу кастингехь.
Нохчийн бераш дакъалаца кечлуш ду филм йоккхуш дIахьочу кастингехь.

Нохчийн мухIажарийн доьзалерчу берех лаьцна кино яккха кечамаш бу Венехь дIабоьлхуш. «Лиллий, Оскарий» цIе йолчу австрихойн берийн яздархочун Хелфер Моникин романан бух тIехь язъина ю филман сценарий.

Кхиамечу меттигерчу телевизионан филмаш йохучу режиссеро Риахи Арашс цу романан сюжет дикка хийцина, керла коьрта турпалхой а кхуллуш.

Нохчийн йиший, ваший ду филман ши турпалхо. И шиъ тIехь да воцуш кхиош хиллачу ненера Австрерчу берашна Iуналла даран хьукмато дIадоккху сценарийца. ТIаккха, вовшах къаста а дой, шина тайп-тайпанчу доьзалшка дIало и шиъ. Цу шиммо вовше лехар а, и шиъ цхьаьна дадар а гойтуш хир ю и кино.

Маршо Радионе филм йоккхучу тобанан декъашхочо бинчу хаамца, кху деношкахь дIайолалуш ю нохчийн берашна юккъехь коьрта турпалхойн ролаш ловзорхой лохуш йолу кастинг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG