ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал гIулчаш яха кечлуш ю Британи


Британи -- Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIовш даьлла меттиг ларйеш ю полицино. Солсбери, Заз. 11.2018.
Британи -- Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIовш даьлла меттиг ларйеш ю полицино. Солсбери, Заз. 11.2018.

Британин Iедалан векалш дагадовларш дIахьош бу Iамеркерчу а, Европерчу а шайн бартахошца, муха жоп дала деза нагахь Британин шпионана Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIовш даларна тIехьа лаьтташ Москох хилахь, бохург хьокъехь, хаам бо ББС-но.

"Таймс" газето Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь яздина, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур йолчу гIулчашна юкъахь хила мега цу пачхьалкхехь хир йолчу Дуьненан Футболан чемпионатана бойкот яр а, ткъа иштта Малхбалехь дIатардинчу НАТО-н эскарийн терахь алсамдаккхар а.

Британин официалан векалша хаам бина, Скрипаль а, цуьнан йоI а дуьсуш ду вочу хьолехь Солсбери гIаларчу дарбанан цIийнехь аьлла. Цу шинна дIовш даьлла нерваш а совцош адам кхетамчура доккхучу газах.

ББС-но яздарехь, Полшо а, Австралино а, Японино а бойкот ян мегаш ю Оьрсийчохь дIахьур йолчу чемпионатана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG