Австрерчу нохчийн, овхIанхойн къомахчу зударша цхьа могIа гIулчаш лерина, шина къоман юккъера цакхетамаш дIа а бохуш, юкъаметтигаш тоъярхьама. Цу Iалашонца Венерчу "Нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло" хьошалгIа кхайкхинера ОвхIанистанера орамаш долу зударий.
Цхьаьна нохчийн кхачанаш а кечбеш, юха цхьаьна шуьнехь цу кхачанех а кхеташ, дIадаьхьира шина къоман векалша и цхьаьнакхетар. Хьешашна нохчийн Iадаташ довзийтар а, къаьмнашна юккъехь барт а, марзо а хинйолу некъаш лахар а яра цу проектан Iалашо, бохуш дийцира Маршо Радионе цхьаьнакхетар вовшахтухучарех цхьаъ йолчу Садаева Мадинас.
Австрехь кест-кеста нисло нохчийн, овхIанхойн кегирхой вовшахлетарш. ОвхIанхойн а, нохчийн а наной вовшашна бевзаш а, вовшашца гергарло лелош а хилча и тайпа девнаш кIезгох хила там бу аьлла тешна бу цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарш.
Шайн рогIехь овхIанхойн зударша Зазадокху-бутт бовш шаьш даздечу Навруз тойне хьошалгIа кхайкхина нохчийн наной.