ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказхоша кхерам бохьу шайца..."


Германин полици
Германин полици

"Нохчийн криминале банданаш яьржаш ю Германехь" - иштта ю оршотдийнахь немцойн уггаре а тIеIаткъамечех Frankfurter Allgemeine Zeitung газетехь зорбане яьллачу артиклан цIе. Германерчу полицин урхаллина, шех Бундескриминаламт олучу, тIе а тевжаш, артиклан авторо яздо, карарчу хенах 250 гергга нохчийн а, Къилбаседа Кавказерчу къаьмнех схьабевлларш а немцойн махкахь Iедало тергонехь латтош бу, бохуш. Тобанийн криминалитехь мехала рол ловзош болу нах бу уьш, цо дийцарехь.

"Нохчийн банданаш шорлуш ю Германерчу вовшахкхеттачу криминалехь. Уьш хIинца хьалха санна кхечу криминалхойн тобаншана хьалхара лелаш болу "гIашсалти" бац. Мелхо а, цара гешефтийн дакъош шайн куьйгакIел дерзадо, масала, наркотикаш йохкар.

Амма иштта къоланаш дар, ницкъбарца нахера хIумнаш схьаяхар, харц документаш дар. Хьалха нохчий доккхачу декъехь кхечу тобанашна белхаш беш бара. ХIинца царна кхин ца лаьа кхечеран омранаш кхочушдархой хила. Уьш хIинца агрессивечу кепехь криминалан леламашна юккъе гIерта“, - иштта дахкадо газетано Бундесриминалан хьукматан директоран Нагел Михаэлан дешнаш.

Цо дийцарехь Берлинехь наркотикаш йохка-эцар доккхачу декъехь шайн куьйгакIел дерзийна нохчийн къомахчу талорхоша.

Нохчийн къомах талорхой вуно къиза санна бийцаре бо полицин урхаллерчу хьукматхочо Нагел Михаела шен интервьюхь. "Нагахь санна уьш цкъа конкурентийн къовсамна юккъе озабеллехь, уьш кхин юха ца бовлу. Мелхо а, ницкъ бан кийча а болуш, чугIурту уьш", - боху цо.

Iедалхошна вуно боккха сингаттам кхуллуш хIума санна дуьйцу цо иштта, криминалечу леламашца шаьш даьккхина долу ахча цу зуламхоша бизнесна юккъедохуьйтуш хилар.

Нохчаша кхерамазаллин а, хадаран а фирманаш схьайоьллу бохуш дуьйцу полисхочо, ткъа шайн криминалечу леламашна юккъеозон кегирхой цара латарийн клубашкахь лоху, боху цо. Оццу латарийн спортклубашкара кегирхойх тайп-тайпанчу буса сакъоьручу клубийн а, кхечу меттигийн "неIарш ларъеш" хадархой хуьлу, наркотикаш йохкаран декъа а хуьлу, нахера рэкетца ахчанаш схьадахарна декъа а хуьлу бохуш, дуьйцу немцойн полицин урхаллин директоро Нагелс.

"Къилбаседа Кавказерчу, уггаре а хьалха Нохчийчуьрчу талорхойн тобанех схьаболуш болу кхерам пайдабоцуш лерина тергал ца беш бита йиш яц. Iедалхоша уьш совцон беза, церан криминале цхьаьнакхетараллаш Германехь ехачу ханна чIагIъяла кхиале" - иштта ду газетано дахкош долу полицин хьукматхочун дешнаш.

Frankfurter Allgemeine Zeitung Plus олучу оццу FAZ газетан юккъедилларехь араяьллачу артиклан шозлагIчу, шординчу декъехь дуьйцу кхин дIа а, Германехь карарчу хенахь лецна, тайп-тайпанчу бундеслаьтташкахь набахтешкахь бохкучу нохчийн къомахчу зуламхойх лаьцна. Уьш муьлхачу зуламашна лецна бу а, царна муьлха бехкаш дуьхьалтоьттуш ду а.

"Iаьржа духарш а, мажош а, герзаш а, арсаш а леладора цара. ХIинца уьш набахтешкахь бу, шайна тIехь Iедало еш шога терго а йолуш. Дозанаш а ца лардеш, къиза бара церан леламаш. Царех цхьаммо шен дуьхьалончина тIехула БМВ машен яьккхинера", - иштта сурт хIоттадо артиклан авторо Венер Маркусас "Ницкъ бар ю церан билгало" цIе йолчу шен артиклехь талорхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG