ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн иллеш даржорна таIзар дина Гуьмсерчу вахархочунна


Нохчийчуьрчу прокуратурано гIуллакх айдина Гуьмсерчу жимчу стагна дуьхьал, кхело экстремизмалле лерина, федералан тептаре даьхна бардан Муцураев Тимуран иллеш социалан машанехь даржорна, яздо "Кавказан узел" агенталло.

"ВКонтактерчу" шена агIон тIе масех Муцураевн илли даьккхина хилла бехкевечо. "Низамца а догIуш, цу кепарчу зуламна 3 эзар сом гергга гIуда догIу я административан таIзар – чохь даккха 15 дей, буьйсий", - аьлла, дийцина прокуратуран векало агенталле.

Гуьмса кIоштерачу вахархочух ши эзар сом хьарчийна кхело.

Дахначу шарахь, "Кавказан узел" агенталлан зерашца, 6 Нохчийчоьнан вахархочунна таIзар дина Муцураевн иллешка ладогIарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG