НАТО-н Инарла секретара Столтенберг Йенса дIахьедина, массо а Къилбаатлантикан юкъараллан пачхьалкхаша-декъашхоша къобалдина хиларх шоьтан буса Iамерко а, Великобританис а, Франционо а Шемахь дина тохарш. НАТО-н коьрта политикан декъан -Къилбаатлантикан кхеташонан цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа дина и дIахьедар Столтенберга. Цо бахарехь, НАТО-н пачхьалкхаш конфликт чIагIъян ца гIерта, мелхо а цара Оьрсийчоь кхойкху Дамаск машаран дийцаршка хаорехь гIо даре.
Шемарчу Дума гIалахь химин герз лелорна дуьхьал тоьхна ракеташ нийса хеттера цхьа могIа Малхбузерчу пачхьалкхийн лидершна: Германин канцлерна Меркел Ангелна а, Канадан премьер-министрна Трюдо Джастинна а, Испанин премьер-министрна Рахой Марианона а, иштта Туркойчоьнан президентна ЭрдогIан Реджепна а, Еврокомиссин куьйгалхочунна Туск Дональдна а.
Цара массара а билгалдаьккхира, тохарш химин герзаца йоьзначу объекташна дина хилар.