ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Контрсанкцех лаьцна низам тIеоьцуш ю Оьрсийчоьнан Дума


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийначу санкцешна жоп луш кечдинчу низаман проект йийцаре ян йолийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".

Оьрсийчохь тIеоьцучу низаман цIе ю "Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Шаташа а, кхин йолчу пачхьалкхаша а доттагIаллин доцург лелорна дуьхьал дан дезачух лаьцна" аьлла.

Цу документаца а догIуш, Оьрсийчу дар доьхкур ду юьртабахаман сурсаташ а, кхачанан сурсаташ а, корта бахо маларш а, тонка а, молханаш а. Амма Пачхьалкхан Дума дехка дагахь яц Оьрсийчохь деш доцу молханаш чудар.

Оьрсийчоьнан контрсанкцеш хьакхаяла мега кхечу пачхьалкхашкарчу бизнесхойн 25 процентал а сов дакъа долчу консалтинган а, аудитан а компанех.

Цул сов, Оьрсийчохь приватизаци еш дакъалацар доьхкур ду, кхуллуш буха диллинчу ахчанан 25 процент Iамеркан Iуналлехь йолчу компанешна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG