ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думе дIа ца кхаьчна: Шемахь динчу химин тIелатарх талламбар хьеделла


Химин герз дихкинчу дуьненаюкъарчу Организацин (ОЗХО) инспекторш кхаарийдийнахь дIа ца кхаьчна Шемарчу, карарчу беттан 7-чохь химин герз лелийначу Дума гIала. Шеман "КIайн касканаш" цIе йолчу организацино чIагIдарехь, хIетахь 46 тIера 70 кхаччалц нах байина цигахь, бIеннашкахь бу лазийнарш.

ОЗХО-н миссина кхерамзалла латточу ООН-ан белхахошна Думехь тIе герзаш диттина аьлла, хаамбира кхаарийдийнахь. ООН-ан официалан векало а тIечIагIйина и информаци.

Вийна-лазийна стаг вац, къастаделла дац, хьан диттина ООН-ан белхахошна тIе герз.

Шемарчу режиман векалша тIе диттане а ца дуьту, герз кхисина хилар.

Рейтер агенталло шайн хьостех пайда а эцна аьлла, ООН-ан белхахошна дуьхьал бевлларш Малхбузено еттачу бомбанашна протесташ ечу акцин декъашхой бара аьлла.

"Тхан {къомера} дIахаийтар дара и цаьрга. Дуьненаюкъарчу миссино шайн болх кхи дIа бахьа мегар ду", - аьлла оцу хьаькамо.

ОЗХО-н инспекторийн Iалашо ю, нагахь шайн аьтто хилахь Дума гIала кхача, Демаьшкан гергарчу гIалахь кху беттан 7-чу дийнахь хилларг ма-дарра литтархьама, тешашка хеттарш дан а, уликаш лехьо а.

Асад Башаран Iуналлехь йоцчу Шемарчу кIошташкахь болх бечу "КIайн касканаш" организацин лаам бара химин тIелатаршкахь байина нах дIабоьхкина меттигаш гайта инспекторшна. Оцу организацин хьалханчас Салехь Раида Рейтер агенталле бина и хаам.

Цо бахарехь, де халха а, Думана тIелатар динчул тIаьхьа а бомбанаш а, лаьттара герзаш а хьаладиттира Думанна тIе, цундела ка ца елира "КIайчу касканийн" ладам боллуш беллачех хаамаш гулбан.

Хьалхо "КIайн касканаш" организацино даржийра, беллачийн декъий сендалар, церан багара чопанаш эхар, бIаьргийн пардош дагийна хилар. Зенаш хиллачийн бъаьрзаргаш гатделла дара, дегIан меженаш ийзош хиллера.

Цхьаболчу тергамчаша, иштта ООН-ерчу Францин векало а цхьаьна билгалдаьккхинера, зенаш хиллачийн симптомаша гойтуш хилар, Думехь хлор лелийна ца Iаш, нерван-паралитикан тIамарх а пайдаэцна хиларх, масала, заринах.

Химин герз дихкинчу организацин инспекторш Думе бахаро дипломатийн барт эгIийна. Динчу химин тIелатарехь лараш яйархьама Думе дIа ца кхочуьйтуш, когаш туьйсу дуьненаюкъарчу эксперташна Асадан ражо а, Москоха а аьлла, дIахьедина Iамерко а, Францино а.

Лач тоьшаллаш даладо Британин Guardian газетехь. Шеман Iедало меттигерчу лоьрашна кхерамаш тийсина хилла, Думехь химин герз лелорах информаци аш бакъ яхь, шаьш могуьйтур дац аьлла.

Guardian газете медицинан гIо латточу (UOSSM) организацин куьйгалхочо Тайяр Ганема хаамбарехь, цуьнгахь ду Думерчу масех лоьрийн тоьшаллаш. Шеман режиман векалша юьхь дуьххьал дIа аьлла хилла цаьрга, нагахь цара оцу хьокъехь дIахьедарш даржадахь, шаьш церан доьзалшна тIехь бекхам бийр буйла хоуьйтуш.

"Химин тIелатарш динчул тIаьхьа оцу гIаличуьра арабуьйлучу лоьрех талламаш беш хиллера, цаьргахь химин, биологин кепаш юйла хьуьйсуш. Оцу гIуллакхна юкъахь жигара хьийзаш хиллера Оьрсийчоьнан тIеман полисхой а. Цара куьйгалла деш хилла массарна а тIехь", - дийцина доктора Тайярас.

Думехь дийна висинчу, цул тIаьхьа Шеман Асадан дуьхьалончаша латточу Къилба агIонашка дехьаваьккхинчу Валид Абун тоьшаллаш ду хIорш: "Сайн кIанта йовхарш етташ гира суна. Вада веза вайшиъ элира ас цуьнга. ТIаккха сайн доьзалхочух йолчу зудчух ка а тоьхна, ламеш болчу агIор дIахьевдира тхо. Цул тIаьхьа хилларг суна дага ца догIу. Сайна тIе хи детта буьйлабелча меттавеана хиллера со. Пхеа сахьтехь тиларчохь Iийна со. Химин тIелатар динера шуна элира соьга. Сан кIант а, зуда делла".

Эдлиби Рашин, кхечу яхархочун дийцар ду хIара: "Лаьтта бухарчу ларми чохь дара тхо. Суьйранна хIума кхоллу хан яра и. Цхьа чIогIа хлоран хьожа хааелира тхуна, бомбанаш етта йолийначу хенахь. Лоьрийн пункте йигира со цIийндас. Кхетамчуьра яьллера со. Сайна тIе цо хиш диттича, меттаеанера со".

Британин Independent хьосто зорбане яьккхина тIом лаьттачу регионашкара дуккха а корреспонденци яржочу Фиск Роберта Думера схьа йина репортаж.

Меттигерчу лоьро дийцинарг даладо цо шен йозанашкахь. "Оцу буса мох бара баьлла, яккхий ченаш гIиттош. И ченаш бомбанех адамаш лечкъина Iачу лармичу а кхочура. Гипокси ю, садоIийла а ца тоьа бохуш, нах дарбан хIусаме эха буьйлабелира. ТIаккха неIарера схьа цхьаммо "Газ!" аьлла, мохь баийтира. Адамашлахь гIовгIа а эккхаш… Видео (лахахь хьовса. Карарчу беттан 7-чохь доллу дуьненчуьрчу хаамийн гIирсашкахула чекхъяьлла и) Кхузахь яьккхина ю и видео. Оцу тIехь берш газах дIавш даьлла бац, гипоксино хьийзош ду и адам".

Думерчу масех лоьраца йина интервью гайтира Шемарчу пачхьалкхан телехьожийлехь. Цара тIе ца дуьту, Думехь химин гераз лелийна хилар.

Guardian газетана интервью еллачу кхечу лоьро, шен цIе ца яккхар а доьхуш, дийцина, шен белхан накъостий кхерийна бара: "Оцу ражна муьтIахь хир ду шаьш аьлла бисинера уьш Думехь баха. ХIинца Iедало шайна ма хетта лелош бу уьш", аьлла.

ХIара бутт карабале, масех оппозицин тобанаша шайн карахь латтош яра Дума. Асадан эскаршца дийцарш динчул тIаьхьа царех цхьа дакъа оцу кIоштара араделира, вукхара тIе ца дитира. "Джайш ал-ислам" группан тобанхоша дIатесна Дума дахначу кIиранах, химин тIелатар дарца а дузуш шайн арадовлар. Цул тIаьхьа гIалин йист Iедалан эскарша шайгахьа ерзийра. Иштта оьрсийн тIеман полицин дакъош чу а узуш.

Москоха а, Демаьшкас а Думехь химин герз лелийна дац шаьш боху.

ОЗХО-н юкъарчу Оьрсийчоьнан векало Щульгин Александра оцу организацин леринчу кхеташонехь дIахьедина, шен пачхьалкхан "юхатохалур а доцуш тоьшаллаш ду", Охан-беттан 7-чу дийнахь Думехь химин тIелатар дина дац аьлла.

(И тоьшаллаш делахь а, охьадехкина дац цкъачунна).

Щульгина бахарехь, "Британин къайлахчу сервисийн провокаци ю иза. Хила тарло и Вашингтонерчу церан бартхойн гIоьнца йина а".

ОЗХО-н инспекторийн Думе бахар юкъахдаларан бахьана Малхбузерчу пачхьалкхаша шоьтадийнахь дIаяьхьна тIеман операци ю аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс.

Малхбузерчу пачхьалкхаша химин герз лелорна бехкейо Шеман президентан Асад Башаран режим.

Дахначу шоьтадийнахь Iамерко а, Великобртанино а, Францино а дуьхьал жоп луш, ракетийн тохарш дина Шемарчу химин герз дечу объекташна.

Малхбузен пачхьалкхаша дIаяьхьначу операцина шаьш реза доций кIоршаме дIахаийтира ГIажарийчоьно а, Оьрсийчоьно а, Асадан рожан коьртачу бартхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG