Иерусалимехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалт схьаелларна дуьхьалонан акцехь Газан секторан а, Израилан а дозанехь 10 сов палестинхо вийна Израилан эскархоша. 500 гергга стагна чевнаш йина. Reuters агенталло бина и хаам, Палестинан могушаллин министраллан хьосташна тIе а тевжаш. Al Jazeera телеканало дийцарехь, дуьхьалонан акцехь вовшахкхеттера 10 эзар ца кхоччуш палестинхо. Израилан тIемалоша ХАМАС тоба бехкейо зулам тIехьехарна.
Де хьалха Израилан тIеман эскаро кехаташ тIехь кхайкхамбинера Газан бахархошка протесташка ма дийлахьара, дозан дуьхьалонашна тIех а ца дуьйлуш, аьлла.
Стохка Iай Iамеркан президенто Трамп Доналда сацам тIеийцира, Тель-Авивера Iамеркан векалалла Иерусалиме дехьайоккхуш. Трампан сацам критике баьккхира Iарбойн пачхьалкхийн лидерша а, Евроберто а.
Зазадоккхучу-беттан 30-чу дийнахь Газан секторан а, Израилан а дозанехь палестинхоша масех деношкахь дуьхьалонан акци йолийра "Юхадахкаран сийлахь марш" цIарца.
Акци вовшахтоьхначара дийцарехь, Палестинан автономин бахархошна тIе тидам бахийта гIертара уьш. Цара чIагIдарца, Зазадоккхучу-беттан 30-чу дийнахь Газан секторан а, Израилан а дозанехь палестинхоша масех деношкахь дуьхьалонан акци йолийра "Юхадахкаран сийлахь марш" цIарца.
Акци вовшахтоьхначара дийцарехь, Израилан дозанерчу шайн ворхIе а дайн хIусамашка берза аьтто боцуш биссинчу Палестинан автономин бахархошна тIе тидам бахийтархьама.