ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу кхело 2 миллиард евро даьккхина Оьрсийчоьнера


ХIора дийнахь 300 гергга кехат кхочу Францин Срасбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула кхеле.
ХIора дийнахь 300 гергга кехат кхочу Францин Срасбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула кхеле.

Европан адамийн бакъонашкахула кхело 20 шарахь 2 миллиард гергга евро даьккхина Оьрсийчоьнера. Дукхачу хьолехь Оьрсийчуьрчу Iедалша дохош хилларг ю бакъонца кхелехь девнаш листа шайн махкахойн йолу бакъо а, ткъа иштта ницкъ бар дехкар а.

Цу тайпа хаамаш арахецна шен дIахаийтарехь "Юкъараллан вердикт" (Общественный вердикт) фондо.

1998-чу шарахь дуьйна берриг а Страсбургерчу кхеле кхаьчна 148 эзар латкъам. Царах 136 эзар листа тIеэца мегар доцуш лерина кхело.

И таллам бина Европан адамийн бакъонашкахула кхелан юрисдикци Оьрсийчоьно лара йолийна 20 шо кхачарна тIебоьгIна.

Европан адамийн бакъонийн конвенци болх беш ю Оьрсийчохь 1998-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь дуьйна.

2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан Конституцин суьдо сацам бира, шайн Iедалан бакъо ю Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина тIеэцамаш кхочуш ца бан, нагахь уьш "конституцин кепийн бухера барамаш бохош белахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG