ГIалгIайчоьнан муфтийна Хамхоев Iийсана гечдина мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, ша бусулбачийн жамаIатах дIахадош, кхайкхамбарна. Регионан урхалхочо марха даста ша волчу хьошалгIа кхайкхийна иза. Евкуровс бахарехь, кху дезачу деношкахь мехкан бахархой вовшашна къинтIера бовла беза, цхьабарт хилийта шайн ма хуьллу беркате гIуллакхаш а деш. "Суьйранна ифтаре вола со волчу – туьха а, бепиг даим сан стоьл тIехь ду", - аьлла, Хамхоевга а, цуьнан гоне а вистхилла Евкуров Юнус-Бек.
Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан а, ярташкарчу къанойн а кхеташонехь мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шайн динан юкъараллах дIакъастош сацам тIеэцарх муфтиято. Оцу сацамо доьхку бусулбачарна Евкуровх хьакхалучу диканехь-вонехь а дакъалаца, хуьлда иза зудаялийна я стаг велла меттиг. "Махкара динан урхалла дискриминаци кIел латторна" бина шаьш и сацам элира муфтиято.
Къоман барт эгIорхьама юкъадаьккхина питана ду и аьлла, дIахьедира гIалгIайн куьйгалхочо муфтиятан кхайкхамах вистхуьлуш.