ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикийн муфтийс бокс "хьарам спорт ю" аьлла


ПIераскандийнахь Душанберчу маьждигехь Рузбанна гулбеллачийн хеттаршна жоьпаш лучу муфтийс Iабдулкъедирзодас "бокс а, ММА-н латарш а хьарам ду аьлла, хIунда аьлча, оцу спорто адаман могушаллана зен до, заьIапхо ван а тарло" аьлла. "Юкъа ахча дуьллуш мел долу ловзарш, къийсадаларш а хьарам ду. ДегIана, хьекъална беш пайда а боцуш хан яйар ду иза", - аьлла, тIетоьхна муфтийс.

Таджикийн кегийрхой бакъахьачу спортаца хила беза, масала, латар, цо сица а, дегIаца а кхиадо адам. "Оцу спортан кепаша бохьу кхиамаш оьшура вайн тIекхуьучарна, дозаллица пачхьалкхан байракх ойбуш, къоман а, пачхьалкхан а имидж хьала а йоккхуш, - билгладьаккхина Iабдулкъедирзодас.

Хьалхо изза, бусулбанашна бокс, кикбоксинг йоьхкуш фетва кхайкхийра ГIезалойчоьнан муфтийс Самигуллин Камила а. Хьажар а къилахь ду элира Самигуллина оцу спортан кепашка

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG