Парижера вайнехан гулам: Сацаде нохчий гезбахар!
КIирандийнахь Францера а, Европан цхьацца мехкашкара а вайнах вовшахкхийтира Парижерчу Луврна хьалха. Гуламехь уггаре дукха хезачех дара, "нохчийн къам дац террористаш кхиош, ма кхолла тхуна тIе и цIе". Гуламехь дакъалецира вайнехан Европерчу политикаша а, бизнесхоша а, Iеламнаха а, могIархоша а. Бараме баьхкинера журналисташ, меттигера францойн политикаш, Парижан бахархой.