Мархийн бутт дIабоьрзуш Истанбулехь схьадоллур ду кху дуьнентIехь уггаре доккха хир долу маьждиг, хаам бо туркойн зорбанан гIирсаша.
Чамлыджа олу маьждиг дина цу гIалахь уггаре лекхачу меттехь. Цу чу а, гонаха а цхьаьнаметта ламазанна дIахIотталур ву 60 эзар гергга стаг.
Керлачу маьждиган ю 6 мимар. Царах 4 ю 107.1 метр лекха. Кхин шиъ 2 ю 90 метр локхалла йолуш.
Маьждигана уллехь схьайоьллур ю оьздангаллан центр, шена юкъахь суьртийн галлерей а, библиотека а, конференцеш дIахьон чоьнаш а йолуш.