ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къизачу мехийн бутт


"Беркат" базар
"Беркат" базар

Марха досту де герга мел гIерта а деста юуучун мехаш Нохчийчохь

Базаршкахь ду кху деношкахь адам. Iуьрре арабовлий, сарралц кхача хоьржу наха. Иштта дукха адам лаьтта йийбар а, духар а духкучу меттигашкахь – верриг а ву Дезачу Денна кечлуш.

Ши кIира гергга хан ю юуучун мехаш лакхадийла доьлла. Уггаре хьалха деста дуьйладелира массо а хIуманал дукха мархин шуьнехь оьшучу котамийн, хасстоьмийн, стоьмийн мехаш. 250 сом бара хьалхо котаман мах, хIинца иза шина-пхеа туьманна бистина.

ХIора шарахь а нисло мехаш 200-300% хьаладоьлхуш.

Базарийн, туьканийн дай жигара хьийза йоккху са естачу кху муьрехь. Шело хаало царний, церан клиенташний юкъахь. Эцархой реза бац дистинчу мехашна, юхкучара бахьана дузу оптан мехаш хьалабовларца, бензин даздаларца. Юкъаметтигаш базаршкахь наха мохь туххий къестайо.

Соьлж-ГIаларчу "Беркат" базарахь. "Тхоьца девнаш доху наха, тхо бехке долуш санна", - леткъа "Кавказ.Реалиин" корреспонденте махбеш лаьтта Зулай.

Юсупова Зарган, 65 шо долу шахьаран яхархо, ах сахьт ду базархула бораха кхача лохуш хьийза. Боккха тIоьрмиг а карахь нус ю цуьнца. Реза яц Зарган мехашна.

"Iедална стенна ца го хIара хьал? Дерриг а гуш хуьлучу паччахьна стенна ца го кхузахь дерг? Мархин бутт тIекхоччушехь стенна дестадо мехаш? – Хоьтту цо. Дац жоп.

Конфетийн – уггаре дукха оьцу уьш кху баттахь, берийн кара ло марха достуш – мехаш дистина шозза муххале а.

"Кавказ.Реалии" зIене елира Нальчикерчу конфеташ ечу "Сладость" ("Марзо") фабрикаца. Конфеташ юхкучу декъан векалша жоп делира тхан хеттаршна. Цара бахарехь, стохка жимма тIекхеттарх, хийцабалаза бу цигахь арахьоьцучу конфетийн мах.

Ала догIу, массо а йохкархо вац кху деношкахь тIех-сов са яккха араваьлла – къинхетам бо нахах цхьаболучара.

Динан дай, Iедалхой ца ларабо базаршкарчу мехашца къийсабала. Цара дехарш до маьждигашкахула, телевизионехула, ткъа базар шен амалца еха.

Исмаилов Сайд-Эми Iеламча ву. Цо иштта дуьйцу: "Мархийн баттахь ма-хуьллу дукха дика гIуллакхаш дар тIехь ду бусалбанна. Къинхетаме хила веза хIора а. Хьайна болх беш волчу стагна а, сов ницкъ ца хуьлуьйтуш, комаьрша гайта веза хьуо. Мехашца дерг а ду ишта. Дела шена реза ван луучо мехаш а беза лахбан".

Нохчийчуьра Абдулаев Руслан Мисарахь веха. Юьртбахаман бизнесехь ву иза. Мархийн баттахь Мисарахь массо а хIуманан мах лахло, боху цо. "Цхьа а ца хуьлу, "хьовсал, со массарел а диканиг ву шуна", бохуш, мохь бетташ. Иза нахана дас-нанас чуйиллина амал ю, Дела везар ду", - боху Руслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG