Шинарин Iуьйранна Сингапурехь цхьанакхетар хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Къилба Корейн а президентийн. Ын Ким Ченца дIасакъаьстинчул тIаьхьа Трамп Доналда дIахьедина, Кимца кхин а "дукхазза" цхьанакхета дагахь ву ша аьлла. Уггар хьо цецваьккхинарг хIун дара Къилба Корейн президентехь аьлла шега хаьттича, Трампа аьлла, Ким шатайпа, кIорггера хьекъал долуш стаг ву.
"Инзаре кхиаме дара оха цхьана дIадаьхьна де. Вовшах лаьцна а, шина пачхьалкхехь дуккха а керланиг доьвзира тхошинна", - аьлла, билгалдаьккхина Iамеркан президенто. Ын Ким Чен КIайчу цIийне кхайкха дагахь ву ша аьлла Трампа, тIейогIучу хенахь.
Ын Ким Чена билгалдаккхарца, Трампца цуьнан хилла цхьанакхетар -"машаре гIулч" ю. Зарратан герзах къаста Iалашо юй хьан аьлла, журналисташа шега деллачу хаттарна жоп ца делира Кима яздо "Iамеркан аз" радиостанцино. Делкъанна хIума кхоллучу хенахь президентех схьакхийтира шина а агIонан делегацийн декъашхой.
СNN-ан хаамашца, шина пачхьалкхо тIеэца тарло "вовшех кхетарх" документ, цуьнан чулацам цхьанакхетар хилале хьалха Iамеркан, Къилба Корейн векалша дийцаредина.
Трамп Доналда шаьшиммо Корейн ахгIайрен проблема ерзор ю аьлла, дIахьедина цхьанакхетар дирзича.
Къилба Корейн лидеро ша кийча ву аьлла, хьалхалера цакхетамаш Iад а битина, юкъарло лело.