ГIалагIайчоьнан полицин экстремизмца къуьйсучу центран декъан буьйранчас Безносик Андрейс ша кхеле "хьийзавойтург" ву боху гIалгIайн массех оппозиционер. Ткъа оцу центран куьйгалхочо Хамхоев Тимура кхеле элира, ша дийр дац дареш дуьхьаллаьттачу агIонан адвокат -"иноагент" (кхечу мехкан агент) хезаш а волуш. Хаам баржийна оцу хьокъехь "Кавказан узело".
"Кавказ.Реалиино" довзийтина ма-хиллара, Нальчикерчу гарнизонан кхело луьстуш ду кху муьрехь ГIалгIайчуьрчу полицин экстремизмца къийсалучу декъан белхахойн дов. ВорхI полисхо бехке во талламчаша шаьш лецна, полице бигинчу нахана тIехь Iазап латторна а, кхаьънаш бехарна а, цхьа стаг верна а. Полисхой бехке бац, цара шаьш чIагIдарехь.
Кхаарийдийнахь кхелехь Безносика дIахьедира, тешо "Далиева Марема ша "Э" центре ялийча, шена гIело йира бохург бакъ дац", аьлла.
Адвокато Сабинин Андрейс хаьттира цуьнга, стенна оьшу Далиевана доцург тIекхолла, жоп луш вукхо элира: "Султыговссий, Хазбиевссий аьлла хила тарло цуьнга доцург дийца". Далиевас элира, шена ца вевза оппозиционер Хазбиев Мохьмад, я цкъа а гина а вац.
Далиева Марема тоьшалла дина кхелехь, "Э" цIентран хIусамехь левечу шен майрачунна бага къаьркъа дуьттура, ток еттара полисхоша, банк лачкъорах даредайта гIерташ, аьлла.