Федералан бюджетера Къилбаседа Кавказан курорташ кхион 18 миллиард сом ахча даларх бинчу хаамех комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Iаламат чIогIа гIараяьлла ю "Ведучи" курорт. Цига оьхучу туристашлахь бу Москохара, Петарбухара, ишта кхечу гIаланашкара а, регионашкара а нах. Дукха бу кхечу пачхьалкхашкара оьхурш а. Лаьмнийн кIошташкахь экономикана чу са деана и курорт ярца, дуккха а белхан меттигаш нисйина, инвесторш чутаттабела", - яздина Кадыровс шан Телеграм-каналехь.
Иштта цо билгалдаьккхина "Ведучехь" дуккха а белхаш бина хилар а. "Боллу белхаш берззалц ца Iаш, кхачо йоллуш туристашна садаIа хьелаш дехкина цигахь. Иштта "Ведучи" курортца цхьана кхиош ю оха "Къоьзан-Iам", "Нихалойн чухчарайш", "Беной", "Серноводск-Кавказский" комплексаш а. Цигахь яьса меттигаш атта нис ца ло", - яздина мехкан куьйгалхочо.