Оьрсийчоьнан Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора "латаре" кхайкхина оппозиционер Навальный Алексей, цунах "отбивная" олу (тIе хIума тухуш кечдина жижиган дакъа) даар дийр ду ша аьлла.
Иза жоп ду Росгвардин белхахошна сурсаташ оьцуш лелийначу харцонех лаьцна "Коррупцица къийсам латторан фондо" арахецначу талламана делла долу.
Шен видеокхайкхамехь Навальный "Iамеркан пробирки чуьра хӀума" ю, ткъа цо дина дIахьедарш сий дойу а, питане а ду, эпсаршна юкъахь бекхам боцуш иштта атта дуьтуш доцу, аьлла Росгвардин коьрта хьаькамо.
Цуьнца цхьаьна Золотовс чIагIдо, ша куьйгалла дечу тIеман структурехь къийсам дIахьош бу баккъалла а коррупци лелийна меттигаш гучуяьлча, бохуш.
"Наггахь эхь доцучу эладитаца къийсам латто мегар ду муьлхха а кепаца, иза бухадаккха деза орамашцана аьлла, комментари йина Росгвардин куьйгалхочо дийцинчунна Кремлан зорбанан сервисо. Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс жоп а ца луш дитина мегар дуй-те лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочунна цу тайпа дIахьедарш дан аьлла, шега делла хаттар.
Навальныйн фондехь хаийтина шаьш кхелехь жоп дала реза хиларх лаьцна арахецначу талламан чулацам бакъхилар гойтуш.
Золотовна ца хуийла дац Навальный, 30 де хан а тоьхна, лаьцна хилар а, цундела цуьнан жоп дала аьтто ца хилар а, боху Фондан белхахоша.
Хьалхо Росгвардино дIахьедар динера Навальныйн фондо дуьйцург харц а ду, питане а ду аьлла.
"Коррупцица къийсам латторан фондо" бинчу талламехь дуьйцуш ду Росгвардин эскархошна сурсаташ эцна хилар, болчул а лакхара мах а луш, ткъа цуьнах пайда эцнарг я премьер-министр Медведев Дмитрий, я цуьнан юххерчу гонера нах хила мега аьлла.