ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Золотовн 1, 5 миллиард соьмана бахам Iорабаьккхина "Новая газетано"


Росгвардин хьалханча Золотов Виктор
Росгвардин хьалханча Золотов Виктор

Москохна гергарчу Барвихехь Росгвардин куьйгалхочун кIентан а, невцан а цIартIехь латтанаш а, ара-чу ца баккхалун бахам а хиларх видео Iораяьккхина "Новая газетано". Цара бахарехь, 1, 5 миллиард сом бу цу бахаман мах. Росгвардин куьйгалхочун Золотов Викторан а, оппозиционеран Навальный Алексейн а "дуэль" цу дозанашкахь хIотто еза аьлла, хьехна хьостано.

Шен 23 шо долчу хенахь долаяьккхина Золотов Викторан воIа Романа масех миллион долларшкахь мах болу Барвихера меттиг, чIагIдо газетано.

Оьрсийчоьнан президентан кхерамзаллан урхаллехь вара цу заманчохь Золотов Виктор. 90 сотай ду, "Новая газетано" дуьйцу латта, ткъа цу тIехь йинчу гIишлошца цхьана лерича цуьнан мах 700 миллион сом гергга бу.

Цуьнца йозуш йолу 1, 2 гектар латта Росгвардин невцан Чечихин Юрийн долахь ду. Цуьнан мах 800 миллион сом ца кхоччуш бу, дуьйцу газетано.

Маршо Радионо шинаридийнахь хааме баьккхира, Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора Навальный Алексейга бина видеокхайкхам. Оппозиционеро урхалла дечу коррупцица къийсам латточу фондо талламбинчул тIаьхьа зорбане яьхнера Росгвардино эскархошна продукци эцарехь лелийна хьарамлонаш. Оппозиционерах Навальный Алексейх "мутте отбивная" йийр ю ша аьллачу Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна тIехIоьттираа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

2016-чу шеран бIаьста Навальный Алексейс куьйгалла дечу коррупцица къийсам латточу Фондо (ФБК) дIакхайкхийра, Росгвардин хьаькаман долахь 660 миллион сов мах болу чу-ара ца баккхалун бахам бу аьлла.

Ткъа, ФБК-н информацица, деклараци тIехь Золотовс шарахь шена хуьлу пайда – 6, 5 миллион сом бу аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG