ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гуьла


Даудов Мохьмад а, Делимханов Адам а
Даудов Мохьмад а, Делимханов Адам а

Цхьаммо шена вониг аьлча, ша шена тIехIутташ Iедал дац Кадыров Рамзанан, делахь а "цергашюхкучийн департамент" ю цуьнан шен долахь.

Нагахь шех хьакхалуш цхьаммо дош алахь, ша вала а волуш дуьхьал жоп луш Iедал дац Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. ХIунда? Цунна шенна дика хуур ду цунах.

Амма цхьабакъду, иза догдика хиларца доьзна дац и: дикка хан ю, Кадыров шена динарг дуьтуш вац аьлла, цIе яхна. Делахь а, дукха бу цунна уллохь маттана ира болу нах.

1. Умаров Джамбулат, официалехь – Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министр ву. Цуьнан декхарш ду: цхьаъ тIедожор, кIеда-мерза стаг аьшнашвар, дайша ма-аллара аьлча, хьакхар а хьокхуш корта баккхар.

Дукха хан йоццуш ирландхойн латархочо МакГрегор Конора Кадыров "диктатор" а, "хьекъал доцу стаг" а ву аьллера. ХIетахь дийнна кIиранчохь жоп кечдира цо.

Маьттазчу дешнашца сийсазвира министро латархо. Ша бакъволчу лор-психиатро санна, МакГрегор синIаткъаман лазарца ву аьлла, хьесап дира цо. Ткъа ша Кадыровс дош ца хазийра.

​49 шаре ваьлла, гIеметтахIоьттинчу министро шен "хьомсарчу вешина" критика мел йинчунна дуьхьал совнахдерг а дуьйцуш, багалейо.

Хьалхо юьхьарлаьцнера Умаровс оьрсийн иллиалархо Слепаков Семен. 2018-чу шеран Дуьненаюкъара чемпионат йолалучу деношкахь Оьрсийчоьнан футболан тоба дика ловза там бара, церан тренер Кадыров Рамзан хIоттийча аьлла, илли даьккхинера Слепаковс.

Ца тайнера нохчийн министрна цуьнан илли. "ХIордакхалла" а, "Iиттарш яр" а тарделлера цунна оцу иллин чулацамехь. Кадыровга шена гечдар дехар тIедожийра Умаровс Слепаковна.

Ишта "Яьсса хIума ю хьо" аьллера Умаровс блогерна Лебедев Артемийна. Массо а кхоьруш, амма цхьаммо а лоруш воцчу къаьркъанчех вуьстинера Лебедевс Кадыров.

1. Даудов Мохьмад (дика вевзаш ву "Лорд" цIарца). Официалехь Нохчийчоьнан парламентан спикер ву иза. Ткъа цо кхочушбе болх: кхерамаш тийсар, мохь хьекхар, летар, Iедалхошна дуьхьал болчарна тIехь ницкъ бар.

Стохка Iай йоккха скандал гIаьттира, Даудов Инстаграмехь шен ира хьекъал гайта гIоьртира, "Кавказан узел" агенталлан коьрта редакторца Шведов Григорийца дов оьккхуьйтуш. Оцу хаамийн гIирсо дикачу агIор ца гайтинера Кадыров.

ХIинццалц республикехь хIитточу барамашкахь а, парламентерчу гуламашкахь а ша интеллигенте, адамашца лараме - гIиллакхе стаг волуш санна шен васт гайта гIертар, доьхна дIадахара Лордан.

"Цхьа ши "кхетаман" кIомсар схьа а яьккхина, "Шведан" мотт жимма бацбан беза", - яздинера хIетахь махкахь низамаш кхуллучу Iедалан урхаллерчу стага.

Оццу щеран Зазадоккхучу-баттахь, эхь-бехк доцуш, юьхь яьккхира Даудовс Давыденко эвларчу нехан. Шайн юьртарчу бIе шаре яьллачу йоккхачу стагна полисхоша йиттича дарбелла, арабевллачу бахархошна тIе мохь а хьекхна, гечдар дехийтира цо хIетахь а.

Ткъа кхул а хьалха хиллачу инцидентехь цIогIа диттина ца Iийра Лорд. Бакъдерг дийцича, Кадыров бахьана долуш гIаьттина дов дацара иза.

Лурчаха гурахь Соьлжа-ГIалахь Лакхарчу кхелан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Мурдалов ТIахIирна йиттира парламентан спикеро, ша оцу даржехь чIагIван хьалхатеттинчу стагна меттиг дIабала иза дуьхьал валарна.

3. Делимханов Адам (халкъалахь "Чалтач" цIе тиллина цунна). Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат ву иза Нохчийоьнан цIарах, официалехь. Ткъа цуьнан декхарш ду: нагахь кхерамаш тийсахь а, дурсе хуьлуш, леташ велахь, къайлах, кIелдIашхула, скандалаш хилахь, уггаре а резонансе йолучарна юкъагIортар.

Хаамийн гIирсашкахь ца яздира Делимхановс Кадыровн оппонентна Ямадаев Сулимана кхерамаш тийсина аьлла, ца дийцира уьш вовшахлетта аьлла а, я вовшийн сийсазбеш, къамелаш церан хилла аьлла а. Деха а, доца а ца дуьйцуш, вийра Ямадаев.

Ткъа Дубайн полицино Делимханов вара элира, Ямадаев вен омра динарг. Интерполехула лехамашка а веллера депутат, тIаьхьо Кадыровн Эмираташца юкъаметтигаш дIашаръеллачул тIаьхьа, лехамашкара дIавайира Делимханов.

ММА олучу Оьрсийчоьнан юкъараллан куьйгалхочунна Емельяненко Федорна а дакъа кхечира Делимхановс туьйсучу кхерамийн. 2016-чу шарахь Нохчийчохь ийначу латаршкахь Кадыровн бераша дакъалоцуш, мехкан куьйгалхочун сацамна резавоцучу Емельяненкос, бехк баьккхинера Iедалхошкара.

"Сан хьомечу вешин берех ша мел аьллачу дашах жоп дала дезар ду цуьнан", - аьллера цу хенахь "Чалтачо". Дукха хьем ца хуьлуш, Москох йиттира Емельяненкон 16 шо кхаьчначу йоIана.

ММА-н куьйгалхо Емельяненко Федор
ММА-н куьйгалхо Емельяненко Федор

Пхи шо хьалха Пачхьалкхан Думан гIишло чохь леттера Делимханов Адам депутатах Журавлев Алексейх. Цо дийцинера, цкъа Делимхановс кхерамаш тийсира шена, ткъа цул тIаьхьа Думехь "тешнабехкамца" летира иза шех аьлла. Журавлевс дийцарехь, дов сецнера цушиннан, оппонентан кисанара дашо тапча охьайоьжча.

4. КРА-н тобанера спортхой. Декхарш: аьтто ма белли, Кадыровна шаьш тешаме хилар дIагайтар.

БIаьрла масал ду - ийначу латарийн спортхо Халиев Хьусайн. Умаров Джамбулатал а хьалха а иккхина, кIоршаме жоп делира цо МакГрегорна, цо Кадыровна аьлларг ца тайна.

"Я ринг тIехь, я цул а арахьа делла а, жоп дала дезар ду хьан айхьа аьллачух", - дIахьедо Халиевс. Делимхановс Емельяненко Федоре аьллачу кепехь тардеш санна.

Кадыровн стандарте гIодаккхархой ца бийцича а, сингаттам тIебеача, буйнаш а, кIомсарш а хуьлий дIахIуьтту цуьнан агIончаш. Цхьаболчарна моьтту, нагахь цу мIаьргонехь ша вистхилахь, кхана-лама шена цуьнгара цхьа пайда хир бу олий.

Емельяненкоца хиллачу ситуацехь, Кадыровна тIехIоьттира, масала, дагестанхойн латархо Нурмагомедов Хьабиб.

Ишта-м шен "маттана ира болу" уллебевлларш ларошшехь, юкъ-кара Кадыровна а деза девнаш дахар, я цхьаъ сийсазвохуш, яппарш яр.

Дера, куьйгаш дIаса а лестош, еанчу моханна цIийвеллачу Кадыров Рамзана министраш болчахь, цхьана "чагIалкхийн" сийдайарца мохь хьоькхуш, цецбовлийла дац "Грозный" телеканалан хьовсархой. Цу кепара сурт кест-кеста шайна гуш хиларна.

*гуьла - оьрсийн матте дерзийча "свора" бохург ду. Авторо "Псарня Кадырова" аьлла, цIе тиллинера шен артиклна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG