ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакх вийна ши зуламхо чувоьллина Челябинскехь


Исраилов Султан вер толлуш долийначу бехктакхаман гIуллакхна юкъара "Медиазоно" зорбане даьккхина сурт.
Исраилов Султан вер толлуш долийначу бехктакхаман гIуллакхна юкъара "Медиазоно" зорбане даьккхина сурт.

Челябинскерчу номер 2 йолчу колонехь чувоьллина нохчийн тутмакх Исраилов Султан верна хенаш тоьхна Челябинскерчу кхело цу колонерчу 2 белхахочунна. БархI шо хан тоьхна Донцов Александрна. Цуьнца цхьаьна болх беш хиллачу Малинин Владимирна тоьхна 7 шо.

2015 шарахь ГIура-баттахь цу шимма къиза етта а йиттиина ирхоьллина вийнера Исраилов. Кхелехь бехк тIе ца эцна цу шимма, тутмакх ша шена хорам а бина велла бохуш.

Исраилов верна бехке веш вара кхин цхьа стаг – колонин лахара инспектор Зорин Владимир. Тутмакх вийначу дийнахь таIзаран изоляторехь гIуллакх деш волу иза араваьлла хиллера Донцовс а, Малинина а дехар а дина. Кхел хилале хьалха иза велла, ша шена герз тоьхна, яздо ББС-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG