ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра теракт: ша иккхина я йийна?


Спиридонова Каринин гергарнаш а, беза-бевзарш а ца теша ницкъаллин структурийн белхахойн версех.

Соьлж-ГIалахь кху беттан 17-чохь жимачу зудчо, ша а леш, дина эккхийтар шена тIелаца сихйелла яц "Исламан пачхьалкх" тоба. Оццу хенахь Нохчийчуьрчу талламахоша бехктакхаман гIуллакх схьадиллина, терроризмца доьзна доцу зулам дарна – "Низамаш лардон органийн белхахой байа гIортар".

Официалан версица, 25 шо долчу Адыгейхь йина а, Челябинскан махкахь регистраци йина а, Дагестанехь ехаш а хиллачу Спиридонова Каринас шен дегIаца йолу бомба эккхийтина Соьлж-ГIалин Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь. Ткъа иза дина цо, шеко кхоллаелла КПП-н белхахой, хIаваэ герз детташ а болуш. ТIаьхьо талламхоша дIахьедар дира, кхелхинчу зудчунна тIехь Iожалхочуьнан доьхка хилла аьлла.

Ura.ru зорбанан гIирсо интервью дIаьяьхьна цу зудчуьнан гергарчаьрца. Цара дийцарехь, иза хIусамдас етташ хьийзош а хилла, цуьнгара ши бер схьадаьккхина а хилла.

Кхушеран Мангалан-беттан 19-чохь, цунах лаьцна мессенджерехула шен гергарчу зудчуьнга яздина хилла Спиридоновас, бераш доцуш шен дахар ца го шена, цундела уьш лаха яхана Соьлж-ГIалахь ю ша аьлла. ТIаьххьара цо зIенехула къамел дина шен ненаца, полицин постана уллехь ша кхалхале цхьа де хьалха - Лахьан-беттан 16-чохь.

Ницкъаллин структурийн белхахоша хаам бина, и зуда иккхинчу меттехь паспорт а, яла кечйеллачул тIаьхьа Деле шена геч дар доьхуш цо яздина кехат а карийна шайна аьлла.

Спиридонова Каринин гергарнаш а, беза-бевзарш а ца теша ницкъаллин структурийн белхахойн версех.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Алаудинов Аптис РИА Новости агенталлана еллачу интервьюхь дIахьедар дира, Соьлж-ГIаларчу 21-ра постерчу полисхойн бIаьргкхетта хиллера цу зудчуьнан тамашийна леларх аьлла. Цара кехаташ гайта аьлла хиллира цуьнга, боху инарло. Цо иштта чIагIдо, тIейогIу зуда, полисхоша аьлларг ца деш, царна тIегIоьртина хиллера, тIаккха полисхошна цуьнан дегIаца гина хиллера куьйга йина оьккхуьйту коьчалла, бохуш.

Нохчийчуьра полисхой.
Нохчийчуьра полисхой.

Амма интернетехь яьржинчу видеоно гойтуш ду эккхар хуьлуш и зуда постана лаххара 75 метр генахь хилар. Оццул генахь йолчу зудчуьнга кехаташ гайта муха бохур ду кхеташ дац.

Цул сов, цу зудчунна тIехь гуш яц цхьа а оьккхуьйту коьчалла. Амма гуш ду постехь лаьттачу полисхоша масатоьпаш етташ а, цул тIаьхьа эккхар хуьлуш а.

Федералан кхерамазаллин сервисехь (ФСБ) дуккха а шерашкахь болх бинчу стага, шен цIе ца яккхар а доьхуш, цу меттехь даьхначу сурташка а хоьжуш, Кавказ.Реалии порталана дийцина хилларг хIун ду аьлла хета шена бохург.

Цо дийцарехь, цу зудчуьнан этIийначу мачано гойту иккхинарг масатоьпан гранатамётан ВОГ олу (выстрел осколочный гранатометный) хIоъ хилар. Сурта тIехь гуш ю йийначу зудчуьн коьртана йина чевнаш. Уьш а йина и хIоъ эккхарна боху говзанчо.

Видео тIехь гуш ду полисхой берш гранаташ кхуьссу гIирс болчу масатоьпашца лелаш хилар. Цундела къасто деза и зуда царна тIеяхна хилла я ца хилла, ткъа иштта хилла цуьнгахь я ца хилла шеца бомба.

"Нагахь цунна герз тоьхнехь, къасто деза иза тохаран бахьана. Уьш кхерабелла хила а мега. Цу тайпаниг хуьлуш хуьлу. Амма иза иштта хиллехь, цуьнан дегIах дихкина оьккхуьйту доьхка хила дезара. Сурта тIехь суна ца гира доьхкан ларш, доьхка даима а дуьсу эккхийтар динчу меттехь, къаьсттина цуьнан тIехьара дакъа. Амма сурте хьаьжча суна иза ца гира", - дуьйцу эксперто.

Иза иштта шеко йолуш ву, постана оццул генахь цу зудчо ша эккхийтина бохучух а.

"ВОГ олу гранатан хIоъ куьйга эккхийталуш бац. Иза эккхийта леррина кечйина механизм хила еза, масала тоькан батарейка а, граната оьккхуьйту хIоз а, я гранатомет еза. Эккхийтар хиллачу меттехь уьш каро еза. Церан метта гранатометан хIоъан негIар карадахь, иза ду цунна кхеттарг и хIоъ бу, цу кепара иза йийна бохург", - дуьйцу эксперто. Цунна хетарехь, эккхар хилла меттиг теллича карор ду дерриг а жоьпаш.

Хьалхо Шемахь масийтта шо даьккхинчул тIаьхьа цIайирзинчу Абакарова Загидата а, Габибуллаева Залинас а дIахьедарш дира, Соьлж-ГIалахь хиллачу тIелатарна "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхой декъа бу бохучух тешна ю шаьшшиъ аьлла. Цу шинна хетарехь, цу акцин Iалашо ю Шемара а, Иракъера а зударий а, бераш а цIадерзорна новкъарло яр, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG