ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхан къоьлла хиларца лахара хьала шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь


"Муха лору-те бан болх боцучу нехан терахь?" Суртан автор Агаев Гундуз.
"Муха лору-те бан болх боцучу нехан терахь?" Суртан автор Агаев Гундуз.

Росстат олучу Оьрсийчоьнан урхалло бинчу хаамца, пачхьалкхехь алсамдаьлла болх боцучу нехан терахь, хаам бо "Российская газета". Цуьнца а догIуш, карарчу хенахь бан болх боцуш бу Оьрсийчохь 4,7 процент къахьегалучу бахархойх. Гезгмашин-баттахь и терахь дара 4,5 процент.

Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент. ШолгIачу меттехь ю Петарбух – 1,5 процент.

Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,3 процент бахархой. Лахара хьалха шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь - 13,5 процент. Дагестанехь и терахь ду - 10,6 процент.

Росстато шен таллам бина 15-72 шо долчу нахе, хIоранге а балхахь вуй хьо, вацахь, реза вуй хьо, хIинцца болх бан волавала аьлла, хаттар а луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG