ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен дахарехь Екатеринбургехь хилла вац иза"


Екатеринбургехь бизнесмен вийна аьлла, кхеле хIоттийна Хасаев Мовсар бехке вац боху цуьнан гергарчара а, адвокаташа а.

2011-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 27-чу буса вийна бизнесхо Арутюнян Ашот. Бехктакхаман кодексан 105-чу артиклца (стаг вер) гIуллакх айдина Свердловск кIоштан Талламан комитето динчу зуламна дуьхьал.

Масийттазза юкъахдаьккхира и гIуллакх таллар, амма 2016-чу шарахь шеконаш эгийра Нохчийчуьрчу вахархочунна Юсупов Романна тIе. Цунна вевзаш хиллера Арутюнян. Талламчашна хетарехь, оцу зуламна бехке хила а тарлора иза. Кхечу артиклца бехкевина, чохь латто Юсупов кхелхира 2013-чу шарахь Екатеринбургерчу СИЗО-хь.

Стохка Марсхьокху-баттахь Юсуповн шайгахь долчу суьрташ тIерачу нахах кхетта, хьаьнца уьйраш, зIенаш яра веллачун талла Нохчийчу баьхкира полисхой.

"Суьрташ тIехь хиллачу массаьрга а хатта лууш бара уьш, амма цхьа Хасаев бен тIе ца веанера. Иза цкъа а хилла вац Екатеринбургехь. Бакъдерг дийцича, цуьнан гергара нах тайп-тайпанчу хенашкахь хилла бу цу гIалахь, шайн бизнесан хьашташца. Суьрташ тIехь ша а, цхьаццаболу нах а бевзинера кхунна. Полисхой дIабахара. Хасаев волчух тера ду Арутюнян вийнарг аьлла, 4 баттахь кехаташ а кечдина, юхабаьхкинера уьш иза лаца", - дуьйцу адвокато Абубакаров Жабраила.

Кху шеран Дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу Устрада-гIалахь дIа а лаьцна, БуьритIерчу кхеле хIоттийра полисхоша Хасаев.

Хасаев Мовсар маьршаваккхар доьхуш, Москох хIоттийна пикет
Хасаев Мовсар маьршаваккхар доьхуш, Москох хIоттийна пикет

"Хасаев вада там болуш ву аьлла, кхело сацам а бина, Екатеринбурге дIавигинера. Церан бакъо яцара и дан, хIунда аьлча, иза лацарна бина латкъам бара. Цу тIе кхелахошкахь цунна дIасавалар доьхкучу хенахь ца хилла Хасаевн могушаллех тоьшалла а, лулахоша цунах лаьцна бина хаамаш, я цкъа а лаьцна, Iедалца гIуллакх деана ву я вац а дацара къастийна.

Низамашкахь цхьа могIа бу билгалбаьккхина, нагахь оцу стагца психикан лазар делахь, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло ца магош. Цундела цхьана кхелахочехь цуьнан могушалла зийна документ а доцуш, лаьцначунна дозанаш тоха бакъо яцара", - билгалдоккху адвокато.

Шен хьагI-гамо цуьнца хиларна вийна Хасаевс Арутюнян бохуш, бехкаш дохкура цунна юьхьанца, дуьйцу адвокато Абубакаровс.

Материалашкахь яздо "2011-чу шарахь Екатеринбургехь цIеххьашха шегахь гIаьттинчу цабезамца Хасаевн ойла хилира Арутюнян А.Н вен".

Макаровн тапча а эцна, 2011-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 27-чохь буьйса юккъе яьллачу хенахь, Арутюнян вехачу хIусамна хьалха веана хиллера Хасаев. Бизнесхо ларвеш а Iийна, иза шен хIусам чу воьдучу заманчохь кIесаркIагчу тапча тоьхнера цо цунна. Цул тIаьхьа тидам хиллера Мовсаран, иза веха цIа лердечу шина хадархочун – Паньковн а, Лопаткинан а. И шиъ волчу агIор а герз кхоьсинера цо, амма хадархой къайлабовла кхиънера.

Адвокташа чIагIдо, оцу хаамашкахь шалхо хилар. 2011-чу шарахь гIуллакх долочу хенахь, ТТ тапчаца 7.62 калибр йолчу патармаца вийна бизнесхо аьлла, билгалдаьккхинера талламчаша. Свердловскан кIоштан Талламан комитетан куьйгалхочун гIовсе, юстицин полковнике Колбасине оцу хьокъехь ша арздинера, дуьйцу адвокато. "Техникан гIалат хилла иза" аьлла, жоп даийтира шена боху Колбасина.

Арутюнян вуьйш тешаш хиллачу Паньковн а, Лопаткинан а кийтарлонаш а дуьхь дуьхьал йогIуш яц, чIагIдо адвокато. Полисхоша тIеIаткъамбарца, харц тоьшаллаш до цара аьлла, тешна ву адвокат. Паньковс дуьйцу, Арутюнян ша вехачу цIа чу воьдучу неIаре ма кхеччи, оцу цIийнан тIехьара цхьа стаг схьаиккхира, аьрру куьйга лаьцна пакет а болуш. Ша спортхо волуш санна, маса ведда герга а веана, пакетчуьра тапча схьа а яьккхина, 2-3 метар генара бизнесменна туьйхира цо бохуш, чIагIдо цо.

Ткъа юьхьанца дуьйцуш, тIелатар динчун юьхь-сибат ца къаьстинера царна, я вевзар а вацара юха гича а: бIаьргаш тIеоьзна бейсболка яра цуьнан, тIерачу курткан кач а бара хьала айбина аьллера цара. Жимма хан яьлча, цуьнан аматаш дагалеца велира и шиъ, боху адвокато.

Цкъа - исс шо хьалха даьккхинчу сурт тIехь вевзинера шина тешана Хасаев, тIаккха юьхь-дуьхьал хIоттийча а, иза вара аьллера.

Цу шиммо вуьйцург Хасаев хуьлийла дац бохуш чIагIдо, иза Iалашван векал винчу Абубакаровс, хIунда аьлча, 1998-чу шарахь ха кагделла, цул тIаьхьа даьIахкаш нийса а ца хоттаелла, цхьа ког вукхул а боца бисина Хасаевн. Иза дикка астагIа ву, цундела вада де долуш вац иза. Цу тIе, и чов бахьана долуш Паркинсонан цамгар ю цуьнца: куьйгаш дегадо цуьнан боху адвокато.

Хасаев Мовсар бехк боцуш латтош хиларна дуьхьал йина пикет
Хасаев Мовсар бехк боцуш латтош хиларна дуьхьал йина пикет

Хасиевн адвокат тешна ву, оцу гIуллакхан бу бохучу тешашна психологин тIеIаткъам беш хиларна. Материалашкахь "тоьшаллаш ду низамашкахь магийна йоцу кепаш лелийна хиларх талламаш дIахьочу муьрехь". Цо бахарехь, кехаташ юкъахь документ карийна цунна, зуламан гIуллакх толлучу юкъанна Лопаткинна дицделларг карладаккхархьама цуьнца болх бина" аьлла. "Говзанчаш-психологаш тIе а гулбина, иэс меттахдоккхуш, белхаш бина оцу бехкзуламан гIуллакхан хIора а декъахоца а. Цундела 6 шарахь дагахь ца лаьттина дерриг а юха карладаьлла массарна а цхьабоса", - дуьйцу адвокато.

Хасаевн гергарчара чIагIонаш йо, шайн стаг Свердловскан кIоштахь цкъа а хилла вац бохуш. Бизнесхо вуьйчу дийнахь Хасаев Нохчийчохь хиларан тешаш иттанашкахь бу: деваша дIавуллучу тезетахь хилла иза цу дийнахь.

Хьалхо "Кавказ.Реалии" портало яздира, Свердловскан кIоштарчу полисхошна кхерамаш туьйсу Нохчийчуьрчу полисхоша аьлла. 66.ru агенталлан информацица, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векал кхаьчна хилла Екатеринбурге, меттигерчу полисхошка Хасаев "мукIарло ден долчу цхьана стагца" хийцар деха.

ТIаьхьо Хасаев Мовсаран вашас Шемала ura.ru хьостане дIахьедира, Екатеринбурге Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти варах. Шен ваша лоцучу операцехь хилла а ву Алаудинов аьлла, билгалдаьккхира цо.

Ткъа адвокато Абубакаровс бакъ ца до Свердловскерчу полисхошна Нохчийчуьра тIеIаткъамбина хилар а, Хасаев хийцарх дийцарш хилла бохург а. Дерриг а долийна эладитта ду аьлла, хета адвокатна.

"Пачхьалкхан Думе ас латкъамбарна а, сан арз федералан тергоне эцарна а баханера уьш (нохчийн полисхой) Свердловскан кIошта. Цу тIе меттигерчу республикан куьйгалле а девллера тхо, хIунда аьлча, Хасаев уллора бевзарш а, цуьнан гергарнаш а тешаш бац, иза бехке хиларх. Нохчийчуьрчу омбудсмене а дехар динера Хасаевн наха, Веданахь митинг а хIоттийра, цундела Iедалхоша омра динера, гIуллакх талла аьлла", - дуьйцу адвокато.

Байначу баттахь Хасаев Мовсаран гергарчу наха пикеташ дIаяьхьира Москохарчу Талламан комитета хьалха, цуьнан гIуллакх листар Талламан комитетан коьртачу аппарате дIадалар тIедожош.

Акцеш кхи дIа а яхйийр ю шаьш боху ХасаевгIара. Нагахь цара шайна ма хетта жамIаш ца гайтахь, Европерчу кхеле девр ду шаьш бохуш, дIахьедо цара.

Текстан автор Сугуева Юлия, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG