ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масийтта хилла Белхороевна тIелатар динарш


Белхороев чохь хилла машен
Белхороев чохь хилла машен

ГIалгIачохь вийна Белхороев ИбрехIим дIавоьллина иза схьаваьллачу Сурхахи эвлахь шен дена Белхороев Султан-Хьаьжина уллохь. Маршо Радионо яздира, Белхароев шен машенлелорхочуьнца цхьана вогIучу заманчохь, кIело а йина, вийна хиларх. Чевнашца дарбан хIусаме кхачийнера шофер Аушев Або. Операци йина цунна, карарчу заманчохь меттавеана иза. Белхороев дIавуллучохь гулбеллера республикехь бевзаш болу нах а, луларчу мехкашкара Iеламнах а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, Белхороевна тIелатар динарш "Лада Приора" олучу машенца хилла. Иза вийначу меттигехь карийна шина калибран гильзаш, листа долийна бехкзуламан гIуллакх аьлла, дIахьедина Талламан комитето.

Хьалхо шозза кIело йинера Белхороев ИбрехIимна. 2016-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь, Несарарчу цуьнан хIусамна гергахь машен эккхийтира цуьнан бевзаш боцчу наха. 2008-чу шарахь Несарахь Белхороевн машен а оьккхуьйтуш, чевнаш йира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG