Дахначу шинаридийнахь Дагестанан парламентан спикер Шихсаидов Хизир Нохчийчу ваханера шина республикана юкъара дозанаш билгалдахаран хьокъехь дийцарш дIадахьа. Делахь а, къаьстина хIуммаъ дац хIетте а.
Шихсаидов Нохчийчу вахаро цхьадолчу хIуманна, масала, дозанаш къасторан комиссина а, цо бийр болчу балхана а, шаьш тIекхиор ду аьлла, дегайовхо ю дагестанхойн.
Цкъачунна бахархой холчахь бу, хIунда аьлча, чекх са а гуш хир ду дозанех дийцарш аьлла, чIагIо йиннашехь, шайна хIинца а цунах къаьстина хIуммаъ цахиларна.
Шина декъе бекъабелла дагестанхой: цхьаболчарна хета, комисси вовшахтоха ца кхуьу Iедалхой аьлла, ткъа вукхара боху, шалхенаш ю шайца лелош, цундела цхьадолчух диллина дийца ца лаьа.
Дозанех сацам тоххара бина хила а тарло, цундела халкъах доьзна а, цуьнга хоттуш а хIуммаъ а дац.
Информаци ехначу тхох "провокаторш" дина
Бахархой сакхбохург ду, Шихсаидов Хизир Нохчийчу вахарх дийно сарралц дуьйцург Дагестанан Халкъан собранин пресс-гIуллакххой боцуш, юкъаралхо, блогер Хадулаев Шемал хилар. Пачхьалкхан "РИА Дагестан" информацин портал а цхьана ю, Хадулаевс Фейсбукан агIоне йохкучу постех пайдаоьцуш Iаш.
Блогеро Iораяьккхинчу видео тIехь кхача хIоттийначу стоьлан гонах хиъна Iачу Кадыров Рамзана забарца санна, Дагестанерчу хьешийн дог тедан гIерташ боху, дозанех хаттар "формале" а, "пачхьалкхан тIедиллар" а ду. Ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочо нохчашна бехкаш цадахкар а доьху "цхьаммо цхьаъ йоьхкинера, эцнера" аьлла.
"Вайна юкъахь цкъа а хилла а дац дозанаш, йа хир а дац", - бохуш, дIахьедо Кадыровс. Амма юкъараллехь лаьттачу хьоле бIаьрг тоьхча гуш ду, бахархойн дегнашна цуьнан дешнех хьаам ца хиллийла.
Дагестанан официалан сайтехь байначу беттан 22-чу дийнахь хаамбира, шина республикана юкъара дозанаш къастон Iалашонца белхан тоба ю вовшахтоьхна аьлла. ХIинжа-ГIала Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд) веанчул тIаьхьа дара иза.
Республикерчу парламентийн депутаташ а, Россреестран а, Роскадастран а говзанчаш а, ишта кхечу хьукматийн белхахой а, дозанашна гонахарчу кIоштийн куьйгалхой а бу цу комисси юкъахь аьлла, хааме даьккхира Дагестанан куьйгалло шен сайтехь.
Амма Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанаш къастор долчу белхан группан тептар цхьанхьа а зорбане даьккхина дац. Дагестанан Халкъан собранерчу хьостано бахарехь, депутаташна шайна хууш а дац цунах хIуммаъ а.
"Тхуна информаци хIунда ца ло аш аьлла, шайгара бехк баьккхича, Iедалхоша шу провокаторш ду олу тхоьга", - дуьйцу "Кавказ.Реалии" портале жигархочо Алиев Мурада.
"Кавказехь рогIера тIом оьшу-те Путинна?
Социалан машанашкахь Алиев Мурадан агIончаша денна бохург санна кхайкхамаш бо шайн махкахошка. Нохчийчоьнца букътоьхна лаьттачу Бабаюртан а, Ботлихан а, Казбекан а кIошташкарчу а, ХIинжа-ГIаларчу а кегийрхоша беш бу и видеокхайкхамаш.
"ЦIийца, хьацарца" шайн дайша лардина латтанийн дозанаш къасточу хенахь къайленаш ца лелош, нийсояр доьху цара.
Уггар хьалха дIаязйинчех а, социалан машанашкахь къаьсттина Iораяьллачех а ю ХIинжа-ГIаларчу кегийрхойн цIарах жигархочо Магомедов Арсена кхайкхам беш яьккхина видео. Масех дийнахь кеп-кепарчу пабликашкахь 70-150 эзаре даьлла цуьнга хьаьжначийн терахь.
"ХIокху республикехь тхо дехаш хилча, тхуна хууш хила деза дерриг а, хуьлучух информаци тхоьга кхачон еза", - боху видео тIехь Магомедовс.
Ишта цо дIахьедарехь, республикера дуккха а кегирхой бу жигархойн ойланца, амма шаьш пачхьалкхан урхаллашкахь белхаш беш хиларна ца хIуьтту уьш, шайн дог-ойла ма-ярра йовзийта.
"Къасточу дозанийн мехалла цхьатерра хила еза. И бохург хIун ду, нагахь вайн цхьа дакъа нохчийн агIонна дIалуш делахь, цаьргара схьаоьцург а оццул барам болуш хила деза", - боху къамел динчу жигархочо.
Дагестанехь санна карзахе реакци ца го Нохчийчуьрчу бахархошкахь. Ларамза багара дош далахь а, жоп доьхур ду, меттигерчу "Грозный" телехьожийлан эфирехь бехказа а вуьлуьйтуш.
Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанашкарчу яртийн цхьацца цакхетамаш бу бежнийн дежийлаш йолчу меттигашкахь аьлла хета Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна Iелина.
"Дагестанан дозанаш тхуна оьшу бохуш, суна хезна дац тхайн нохчашкара. Шина республикан дозанаш билгалдаха къастийна комисси ю аьлла а, Iедалхоша кхайкхийна дац цкъачунна", - аьлла, дийцира Iелас.
Цунна хетарехь, ГIалгIайчоьнца дозанаш къасттийна тоба хила тарло хIинца а Кадыровс векал йинарг.
Тамаша хета Iелина, дозанех хеттарш цIеххьана айдарх, ГIалгIайчоьнца скандал иккхинчул тIаьхьа.
"Кавказехь рогIера тIом оьшу-те Путинна? И хаттар кест-кеста хеза суна сайн накъосташлахь а, бевзачарлахь а", - элира Iелас.
"Кавказ.Реалиица" къамел хиллачу масех стага къадийра, республикийн дозанаш цкъа хьалха референдум дIа а яьхьна бен хийца бакъо яц аьлла. "Дагестанерчу референдумах" долу низам карладаьккхира цара.
Ткъа референдум яр хьехош а дац.