Байначу беттан 15-чохь цхьанакхеттера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан меттигерчу хаамийн гIирсийн куьйгалхошца. Цо тIедиллинера, "Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а идеологин тIелетарш дечаьрца" къийсам марсабакккха беза аьлла. Iалашонаш кхочушъян жоьпалла тIедожийра нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телекомпанин директорна Дудаев Ахьмадна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а. Кхо бутт хан елла царна тIедиллинарг кхочушдан.
"Хаамийн гIирсех" Оьрсийчоьнан низаман 58-гIа артиклца бIостане ду дина тIедахкарш. Низамо могуьйтуш дац, "нуьцкъаша информаци яржо журналист декхареван а, хаам Iорабаккха цунна дехка а".
Луьстур вай, Кадыров Рамзанан Iалашонаш муха кхочушйо а, муьлхачу кепашца къийсам латтийра меттигерчу Iедалша "нохчийн къоман мостагIашца" а.
"Тешнабехке Малхбузе". Юха а
Оцу сохьта буьйлабелира Кадыровн лаам кхочушбан. Сайташ тIехь а, телеканалшкахь а тIетаьIIина дийца даьккхира хьалхарчу деношкахь дуьйнна "тешнабехкечу Малхбузено" къайлаха барт бина бохуш.
Нохчийн Iедалхошна муьтIахь йолчу меттигерчу телехьожийлийн эфирийн доккхахдолу дакъа тоххара а лаьттара оцу пропагандех.
ТIаьххьарчу заманчохь телехьовсархошна а, радиоладогIархошна а дуккха а хиина, "регионехь а, Оьрсийчохь а ситуацина дестабилизаци ярхьама даккхий ахчанаш чухьоькхуш" хиларх цхьана организацеша а, цхьаболчу наха а. Оцу доллучух а теша боху нохчийн хьовсархошка, иза бакъхиларх шайгара цхьа тоьшалла а ца доьхуш.
ХIунда аьлча, оцу "спонсорийн" цIераш йовзуьйтуш яц, йа далош цхьана а кепара тоьшаллаш а дац. Цара бахарехь, бакъ ду-кх иза.
Боккха тидам тIебахийтина интернет-аудиторина. Меттигерчу телехьожийлан цхьаболу белхахой катоьхна блогерш бевлира. Шайн коьрта болх бина ца Iаш, социалан машанашкахь зорбане йохура цара оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона дуьхьал видеоматериалаш. Бакъду, "дизлайкийн" терахь а, негативе комментареш а оцу талламийн авторшкахьа яцара.
"Мила ву Тумсо?"
Дукха хан йоццуш социалан машанашкахь акци йолийра Абдурахманов Тумсона тIехIуьттучара. Кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу бахархоша, дог оьцуш шега кхоьхьуьйту видеоматериалаш а, суьрташ а блогеро шен Telegram-каналехь зорбане дохура. Эццахь тохабеллачу Нохчийчуьрчу Iедалхоша, блогеран идея шайна а ерзийна, цуьнан "герзца" мостагIчуьнца къийсам болийра.
Нохчийн Instagram-ан, YouTube-н а сегменташ дIаюьзира бевзаш боцчу наха шаьш Абдурахмановс юьхьарлаьцначунна "нохчийн къоман цIарах" реза доций хоуьйтучу видеокхайкхамаша.
Дукха хьолахь, блогер сийсазвеш хуьлура видеош. Ишта эвсара дерза тарлора дерриг а, оцу видеокхайкхамийн цхьаболу авторш ницкъаллийн структурашкахь болх беш хилар, йа полицица боьзна хилар нагахь гучу ца даьллехь.
Тидамза ца йисира тIекхуьу тIаьхье а. Масала, машанехь Iорадехира, политикан къастораш юкъа шайн бераш ийзорна реза боцчу дешархойн наноша дина йозанаш.
Йолчу информацица, лакхарчу классашкахь доьшуш долу бераш йоьдучу урокашкара а гIиттош дIадигира, пIераскан рузбане дуьгу а бохуш. Маьждигна хьалха дIа а хIиттийна, "Мила ву Тумсо" аьллачу хаттарна жоп луш "Тумиша ю" бахийтинера цаьрга. Оццу дийннехь и видео интернетехь яржийра.
Нохчийчуьрчу дешаран министраллера оцу хиламах комментари яккха аьтто ца хилла "Кавказ.Реалиин".
ХIинца дика къаьсташ ду, "реза боцу бахархой" Кадыров Рамзана дIахьедар динчул тIаьхьа жигарабевлла хилар. ХIунда аьлча, цо тоьхна хан герга яхале, хаамийн гIирсашна тIедиллина ма ду, шаьш а толуьйтуш, "системехь ситуаци хийцар".