ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн къоман дезаде билгалдаьккхира Къилбаседа ХIирийчохь


Къилбаседа ХIирийчуьрчу гуьржийн диаспоро даздина Ломисоба.

"Ломиси-килс Гуьржийчохь ю. Советан Iедал доьхча, къаьмнаш пачхьалкхашка дирзича, хIирашлахь бехачу гуьржийн къаноша Балтехь керла килс йиллира, хьалха шаьш леллачу килсара кхо тIулг а беана, - дийцира "Кавказ.Реалиига" республикерчу Гергарлонийн ЦIийнан директора Кочиты Георгийс.

Ломисоба – цIуй-деланийн а, керстанийн а ламастех иэделла дезде ду. Барта кхолларалло бахарехь, дукха зама хьалха гIажароша лецна, эзарнашкахь лоллехь латтош хилла тIамехь эшна гуьржий. Амма лоьман хьомара Лома цIе тиллинчу старо – шен маьIех йихкина Везачу Георгийн (бусалба динехь – Жиржис) васт-икона а йолуш - Мтиулете кхачийна йийсарш. Эццахь белла сту… Оцу денна лерина даздо Ломисоба.

Балтехь хIиттийначу даздаршка богIурш гуьржий хилла ца Iара, лела цига Къилбаседа ХIирийчохь беха гIалгIай, таджикаш, узбекаш, немцой, оьрсийн, гIалгIазакхий, кхидолчу къаьмнашкара нах.

Ломисоба даздо керста Троица (Holy Trinity) дирзина ши де даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG