Шен пачхьалкхна дуьхьал гIаьттинера имам Шемал аьлла, яьржина информаци тIе ца йитина Дагестанан муфтиято. XIX-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнца хиллачу тIамехь имам Шемала дакъалацарх Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна жоп делла ишта динан урхалло.
"Ша вехачу пачхьалкхна дуьхьал цкъа а ца ваьллера имам Шемал. ХIоьттинчу хьолехь 25 шерачохь шен вежарийн хIусамаш а, латтанаш а Iалашдина цо, амма ша тоьлар воций хиъначул тIаьхьа, бертан дийцарш дIадахьа реза хилла иза", - аьлла, кхетийна муфтиятан администрацехь.
Ишта муфтиято билгалдаьккхина, 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь Дагестанна радикалаш тIелатар дуьйцучу заманчохь имам Шемалан цIе яхар догIуш дац аьлла. Нохчех лаьцна эладиттанаш ца даржийта, шен къомана Нохчийчоьнан куьйгалхо тIехIоттарна шаьш даккхийде, амма кхузаманан проблемаш йийцаре еш имам Шемалан цIе яхарна шаьш реза дац аьлла Дагестанан динан дайша.
"Амма тхо кхеташ дац, 200 шо хьалха цо новкъарло йина хилла нохчашна Оьрсийчоьнах дIакхета бохуш, стенна оьшуш хилла оцу контекстехь имам Шемал хьехон? 90-чу шерашкахь имам Шемалан IиндагIо шен къам Оьрсийчоьнна дуьхьал тIаме гIаттийна ала гIерта нохчийн куьйгалхо? Тамашена дIахьовзор ду", - аьлла шайн дIахьедарехь Дагестанан муфтиято.
1834-чу шарера 1859-чу шаре кхаччалц Дагестанан кхоалгIа имам лаьттина ву Шемал. 1840-чу шарахь хIоьттина хилла иза Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам. Кавказан маршо къуьйсуш оьрсийн эскарна дуьхьал тIом бина ву иза, 1859-чу шарахь Дагестанера Гуниб схьайоккхучу заманчохь йийсаре лаццалц.
Къилбаседа Кавказан къаьмнийн турпалхо лоруш ву Шемал. Паччахьца Александр ШолгIачуьнца 3-зза цхьанакхетар нисделла имаман. 1869-чу шарахь оьрсийн паччахьо Мекка хьаьжцIа вахийтинера иза. СаIуда Iаьрбийчуьрчу Мединехь кхелхина Шемал дIавоьллина ал-Бакъи кешнашкахь.