ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан "нохчийн лар"


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Кавказера хиламаш а, Путин премьер-министр хIоттор а чӀагарш яра цхьана зIенан

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран официалан биографин хроникехь дуьйцуш ду, Оьрсийчоьнан Федерацин Iедалехь лаккхара дарж цуьнга кховдийна хиларх Ельцин Бориса Марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь. Оцу ханна президентан "семья" олу команда масех шо а дара цуьнга бIаьргбетташ йолу.

1998-чу шеран Товбеца-баттахь Путин хIоттийра Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) директор, уггар лакхара даржашкахь болчу нахана юкъа а кхеташ. Петербхехь хиллачу шен белхан накъосташца цхьаьна цо шуьйра хийцамаш бира ФСБ-н структурашкахь.

1999-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Путин хIоттийра Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан секретарь, ФСБ-н куьйгалхочуьнан даршехь а вуьтуш. Гарехь, Путин тIаьххьара зер хиллера Оьрсийчоьнан инарлан прокурор Скуратов Юрий 1999-чу шарахь Оханан-баттахь даржера дIавоккхуш иза жигара лелар.

Марсхьокху-баттахь, Къилбаседа Кавказера хьал чолхе долуш а долуш, Ельцина Путине кховдийра премьер-министран дарж. 9-чу дийнахь дIакхайкхийра премьер-министран гогаметта хIоттийна волу иза Iедалан куьйгалхочун ханна декхарш кхочуш деш хир ву аьлла. Марсхьокху-беттан 16-хь парламенто тIечIагIвира Путин премьер-министран даржехь.

Телевизионехула махкахошка къамел деш Ельцина 9-чу дийнахь элира иза шен метта президент хир волу стаг ву.

Нохчийчохь керла тIом боло планаш

Нохчийн Москох йолчу коьртачу векалаллехь Марсхьокху-бутт болалуш конфидициалан кехаташ дара Кхерамазаллин кхеташоно 1998-чу шарахь ГIуран-баттахь кечдина а, ткъа иштта Нохчийн Республикехь тIом болорца доьзна Пачхьалкхан Думан комитето тIеэцна протокол а.

Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу хьажадале президенте Масхадов Аслане кхаьчнера тIмае хьажочу тIеман дакъош а, царан буьйранчалла дечу эпсарех а лаьцна хаамаш. Цу документашца а догIуш, 1996-чу шарахь шаьш эшарна реваншан планаш хIиттийна хиллера Москохо, Дагестанехь Марсхьокху-баттахь тIемаш дуьйладалале хьалха.

Цу хенахь Ичкерин цIарх Москох инарлан векал хиллачу Вачагаев Майрбека дийцарехь, 1999-чу шарахь Марсхьокху-баттахь а, цул тIаьхьа а нохчийн Iедалш гIиртира керлачу Оьрсийчоьнан премьер-министрца Путин Владимирца зIене довла.

Амма Оьрсийчоьнан президентан администрацино а, Iедало а, тIеман министралло а тергал ца дора нохчийн президенто тIом ца хилийта гIерташ лелош дерг.

"Ваххабисташ" олучу радикалан салафиташ Нохчийчохь а, Дагестанехь а лелош дерг лерира Дагестанна тIелатар а, ткъа Хасав-юьртахь 1996-чу шарахь а, Москох 1997-чу шарахь а бина машаран берташ нохчаша бохийначу хилар. Ерриг а пачхьалкхехула йолийнера Оьрсийчуьрчу юкъараллан бIаьргашкахь нохчийн сий дайаран шуьйра агитаци.

Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн белхахоша Лондонехь вийначу КГБ-н белхахо хиллачу Литвиненко Александра дийцарехь, Iедалша цIенош лелхийтира махкахь цуьнах тIом боло бахьана даккха.

"ФСБ-н версица а вацара цу операцешкахь дакъалоцуш цхьа а нохчий"

Вевзаш волчу Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхочо Подрабинек Александара Маршо Радион Оьрсийн сервисна еллачу интервьюхь дийцара, ша инзаре цецваьккхинарг дара лелхийтарш диначу меттехь официалан Iедалан векалша "нохчийн ларх" лаьцна дуьйцуш хилар.

Делахь а, Оьрсийчоьнан ФСБ-но 90-чу а, 2000-чу а шерашкахь лелийнарг гучудоккхучу книгийн авторо, Литвиненкоца цхьаьна болх беш хиллачу Фельштинский Юрийс билгалдаьккхира "тIаьхьа гучудаьлларг дара, ФСБ-н версица а цу операцешкахь дакъалоцуш цхьа а нохчий цахилар.

Москох КIайн ЦIийнера кIоршаме, бух боцу реза цахиларан дIахьедарш хезара нохчийн куьйгалхошка хьажийна долу, Масхадов а, Нохчийчоь Оьрсийчоьнца конфликтана юкъа озийна тIемалой а цхьаъ бу ала гIерташ.

20 шо даьллачул тIаьхьа гуш ду оьшшучу агIор хийца гIертар 1999-чу шарахь аьхка а, гурахь а хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG