ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иглесиас а, СС Catch а, Лепс а. Муха "дуу дуьне" Кавказехь



МоттаргIанаш лелор а, даздарш дхьадахьар даздина дийцар а ламаст хилла дIахIуттуш ду Кавказехь. Хьалха иза лелош а гойтуш а Iедал дара Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан. ХIинца жима-жима изза дан гIерташ ю лулара республикаш а.

Масала, Къилбаседа ХIирийчохь Марсхьокху-баттахь дукха чIогIа даздира республикан куьйгалхочун Битаров Вячеславан кIентан, ткъа тIаьххьалц цуьнан шен долахь йолчу "Бавария" компанин юбилей.

Масштаб яра ша Владикавказ йиллина де даздеш санна: дIакъевлина урамаш, хIоттийна ха, хӀаваан шар, арахь хIоттийна концерт. Программан уггар коьртаниг яра Грэмми совгIатан да Polina а (Гудиева Полина), 80-чу шерашкахь эскрадан хилла седа CC Catch а.

Битаров республикан куьйгалхо воцчу хенахь "Бавариян" 20 шо кхачар даздар мелла а оьзда дара. Делахь а еккъа корпоративан гурашна юкъара иза даьллера цу хенахь а: коьртачу майданехь республикан бахархошна хьалха эшарш локхуш вара Маршал Александр.

"Бавариин" юбилейца дуьстича, ХIирийчоьхь гIалин денош дIоггара тIехдевлла ца хилара: "Земляне" тоба я "Фабрика зевезд" программан хилла декъашхой хилара концерташ луш берш.

Кху шарахь гIалин де даздеш планехь дац кхин даккхийн хIуманаш лелор (муниципалан бюджетера ахча кхоор пачхьалкхан барам болу Iалашо ю).

Зуда ялийна меттигаш а, ловзарш а хуьлу Владикавказехь мадаре. Мухха делахь а, зорбанан гIишнашна хааделла дац цхьаммо эстрадан седарчий кхайкхина даздина бохург.

Уггар чIогIа ву ала мегар долуш Владикавказан культуран урхаллан куьйгалхо хиллачу Кокаев Аланан лозаргахь шен кхолларалла гайтира баш дIоггара вевзаш а воцчу Квитатиани Торникес. Иза а цига веанера доьзалан доттагI санна, мах белла кхайкхина веана вацара иза.

1500 хьаша дакъа лоцуш хиллехь а мадар долуш дара ала мегар ду ЦСКА клубан футболхочуьнан Дзагоев Аланан ловзар.

Амма Буйнакскан мэран Гамзатов Гусейнан кIентан ловзар туьйранехь ма-дуьйццу тамашена хӀума хилла дIахIоьттира Дагестанехь. Цигахь дакъалоцуш яра Успенская Любовь. ГамзатовгIеран доьзалан музыкан чам мухха белахь а, амма йишлакхархочуьнан мах бацара хIумма а ледара!

Ткъа гIалгIайн къомах волчу бизнесхочо Гуцериев Михаила сацам бира 2016-чу шарахь шен кIанта зуда ялош ахча ца кхоон. Ловзарга баьхкинчарна хьалха эшарш лекхира меттигерчу а, махкал арахьарчу а седарчаша, шайна юкъахь Стинг а, Иглесиас Энрике а, Лопес Дженнифер а, Каас Патрисия а, Пугачева Алла а, кхин берш а болуш.

Ткъа ХIинжа-ГIаларчу а, Нальчекерчу а Iедалхоша ахча кхоош дойу гIалан де даздеш а, кхидолу тойнаш хIиттош а. Цига коьртачу декъана богIурш бу Оьрсийчуьра дIоггара бевзаш боцу артисташ.

Жимма лакхора тегIа ийцира цкъа Лепс Григорий кхайкхинчу Черкесско. Ткъа цхьана дийнахь цу гIалан де даздеш Кхарачой-Чергазийчу валийнера изза Маршал а, Дэнс Лада а, "Самоцветы" ансамбль а.

Лепс Григорий
Лепс Григорий

Амма Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашна дукха гена ду Нохчийчоьне кхача. Цигахь кхечу пачхьалкхашкара седарчий хиларан къоьлла яц, ткъа Оьрсийчуьрнаш цига туристаш санна лелаш бу.

2016-чу шарахь Соьлж-ГIалин де даздеш хIоттийна концерт дIахьош дара Басков Николай а, Рудковская Яна а. Басков тIехула тIе эшарш локхуш а вара Пресняков Владимирца а, Ёлкица а, Валерияца а. Концертан бен-берсалла хилийта эшарш хийцара фигуристаша дечу хелхарша, шайна юкъахь Сотникова Аделинас а, Плющенко Евгенийс а ша тIехь дина хелхар а долуш.

Амма 2013-чу шарахь кхин а гIовгIане дара дерриг а: гIалан де цхьаьнадеара Кадыров Рамзан вина денца. Цундела цунах хилира шалха дезаде.

Цу дийнахь Соьлж-ГIалахь хилира ХIолливудера вевзаш волу артист а, сценарист а Сигал Стивен а, ткъа иштта меттигера а, махкал арахьара а эстрадан седарчий: Меладзе Валерий а, Дайнеко Виктория а, Тимати а, Лещенко Лев а, Басков Николай а, Snap а, Лу Бега а, ткъа иштта London Beat а. Концерт дIахьош вара Басков Николай. Цунна гIо деш вара Верник Игорь.

Стохка Кадыровн вина де а даздира шуьйра. Концертехь дакъалоцуш бара Тимати а, Руссо Авраам а, Валерия а, Басков Николай а.

Соьлж-ГIала кхоьллина рогIера де даздар (цуьнца цхьана Кадыров вина де) дукха гена дац. Иза даздийр ду ГIадужу-баттахь. Мила вогIур ву Нохчийн Республикан коьртачу гIала цу даздаршкахь дакъалаца Басков воцург?..

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG