Шахьсей-Вахьсей Дербентехь
680-чу шеран Мухьаррам-беттан 10-гIачу дийнахь вийна лору Iелин воI Хьусайн. Вуно яккхий чевнаш хуьлуш, цIий Iенаш, къиза кхалхар нисделла Хьусайнан. Шайн кхоалгIа имам кхелхина и Тезетан де (Iашура) шиIийша билгалдоккху, цунна хилларш санна йолу чевнаш шайн догIамашна ярца. Дербентехь беха азербайджанхой а, цаьргара маззап тIеэцна кхечу къаьмнех болу а шиIаш бу Шахьсей-Вахьсей дIахьош.