ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чакхе йоцу леяр



ГIалгIайчоьнан яхархочо Богатырева Эсета латкъамаш бо, ницкъаллин структурийн белхахоша яха юьтуш яц ша бохуш, 2011-чу шарахь Домодедово аэропортехь ша эккхийтинчу Iожалхочунна гIо дина, бохуш лоьхуш волчу Богатырев Микаилан йиша ша хиларна. Цуьнан ден-ненан хIусамех хьаьвсина Iедалш 17-зза. Зуда сих-сиха леян тIекхойкху талламхоша.

Эсетан вашас Богатырев Микаила харц до, 37 стаг а вуьйш, Домодедовохь динчу эккхийтарна ша декъах ву бохург. Iедалша цуьнга бехк кховдийна зуламан юкъараллан а, бандитийн тобанан а декъашхо а ву, терактехь дакъалаьцна а ву аьлла.

Оьрсийчоьно лоьхуш ву Богатырев Интерполехула. Цундела ша волу меттиг хьулйина хан токхуш ву иза. Микаила дийцарехь, иза бехке хиларан тоьшаллаш дац Оьрсийчоьнан Iедалхошкахь. Цу бахьанца иза вехачу пачхьалкхо дIа ца велла иза Оьрсийчоьне. Йишас Эсета чIагIдо, Микаил шена ганза а, ша цуьнца зIене яланза а 8 шо ду бохуш.

"Иза ларвайша тIаккха"

Кхушара Марсхьокху-беттан 6-хь Эсет шен хIусамдеца Туркойчу йоьдуш хилла "Соьлж-ГIала – Истанбул" автобусца. Гуьржийчоьнан дозанерчу "Лакхара Ларс" постехь иза 4-а сохьтехь лейеш латтийна дозанхоша. Цу зудчо дийцарехь, Iедалан белхахошна хаа луург дара цуьнан Туркойчу яхаран хIун Iалашо ю а, вешица иза хIун зIе латтош ю а.

Марсхьокху-беттан 30-хь Богатырева Эсет а, цуьнан хIусамда а цIадирзира Истанбулера Соьлж-ГIала лелачу кеманца. Нохчийчохь юха а сацийра иза, вешех лаьцна хаамаш къастош.

Зудчо дийцарехь, цIершца ца бевзачу эпсарша кIоршаме багалейира цуьнга, ваша террорист ву бохуш. Цул сов, цу наха чIагIдора, Микаилна экстрадици кечйеш ю, иза кестта Оьрсийчу цIахьажор ву бохуш.

"Цунна дуьхьал ас элира, таккха дуьхьал гIойша цунна, суна хан хIунда йойъу аш аьлла", - дийцира Богатыревас "Кавказ.Реалиига".

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто цу инцидентах лаьцна комментари йийхира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказехула урхаллан зорбан сервисе. Цуьнан белхахоша журналистан дехар кхин дIахьажийна хиллера Соьлж-ГIала.

ШолгIачу дийнахь (Гезгмашин-беттан 14-хь) хилларг къастор Iалашонца Соьлж-ГIалара полицин белхахой баьхкинера Эсет йолчу. Журналистан дехарца бинчу талламо гайтина, аэропортехь иза лейинарш, полисхой а боцуш, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозанхой хилар.

17-за цӀийнах хьажа​р

ГIалгIайчу цIакхачарца зуда тIекхайкхира Магасерчу ФСБ-н белхахочо. Цо юха а хиттира Богатыревага цуьнан доьзалх лаьцна. ФСБ-н талламхочунна къасто луург дара Истанбулехь Эсет а, цуьнан майра а муьлхачу хьешан хIусамехь Iийра, Микаил мичахь ву, тIаьххьара ваша цунна маца гина бохург.

Богатырева Эсет леяран хIун бахьана ду къасто кехат хьажийна "Кавказ.Реалиино". ХIара материал кечйечу ханна жоп даланза дара.

ХIусамашка хьежар сих-сиха хуьлу БогатыревгIаьргахь. Микаилан дас Богатырев Iийсас дийцарехь, цуьнан хIусамашкахь 17-зза таллам бина Iедалша, тIаьхьарчу 3 шарахь. Цул сов, цуьнан доьзалхой сих-сиха тIекхойкху лебан. ТIехула тIе, талламхой а, куьпан инспекторш а, кхин болу полисхой а сих-сиха леста церан керта.

Богатырев Iийсас маситтоза латкъам бина УФСБ-н белхахой диллина шен керта лестарна, амма лерринчу сервисийн белхахоша низам дохийна меттиг ца карийна прокуратурина.

Карарчу хенахь Микаилан а, Эсетан а да-нана Туркойчохь ду. Могашалла таян маситта бутт баккха дагахь ду и шиъ цу пачхьалкхехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG