Нагахь санна, СаIуда Iаьрбийчоьнна тIелатар дахь, ша царна тIехIуттур ву аьлла, дош деллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. РогIера тIелатар дина саIудхошна, ткъа цунна бехкейо Оьрсийчоьнан бартхо. Хьаьнгахьа ву Кадыров?
СаIуда Iаьрбийчоьнан "Арамко" мехкадаьттан компанина буьрса тIелатар дина кху беттан 14-чу дийнахь. Абкайкерчу а, Хураисерчу а гIишлошна дронашца тохарш даран бахьанашца шозза лахделла паччахьаллехь Iаьржа деши даккхар. Эксперташ тешна бу, мехкадаьттан мах лакхабала тарло аьлла.
Динчу тIелатарх жоьпалла хусиаташа шайна тIелаьцна. 2014-чу шарахь шайн пачхьалкхера Iедал дохийна, Йеменера шиIитийн герзах йоьттина тоба ю иза. 2015-чу шарера схьа дуьйнна Эр-Риядан урхаллерчу Iарбойн коалицина дуьхьал тIемаш латтош бу цара.
Оцу сохьта инцидент емалйира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Дуьненчуьрчу цхьа миллиард ах миллиард бахархошна деза хетачу хIуманна кIелонаш йо кеп-кепарчу гоьбевллачу а, къайлахчу а исламан мостагIаша", - яздина цо шен Телеграмехь, Аравехь йолу бусулбачийн еза меттигаш – Медина а, Мекка а хьахош.
ЦIе ца яьккхина Кадыровс, ша буьйцучу "исламан мостагIийн". Амма Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департамент тешна ю, оцу тIелатаршна бехке Оьрсийчоьнан агIонча - ГIажарийчоь ю аьлла.
"Массо а пачхьалкхашка биллина кхайкхамбо оха ГIажарийчоьно дина тIелатаршна шаьш реза доцийла дIахаийта аьлла", - дIахьедар дина пачхьалкхан секретаро Помпео Майка шен Твиттерахь, ГIажарийчоьне жоп доьхур ду шаьш йинчу "агрессех" аьлла, тIетухуш.
Шегара догIучунна Iамеркан президенто Трамп Доналда а дIахьедина, саIудхоша бехкечун цIе яккхаре ладоьгIуш ву ша аьлла.
Йеменехь иккхина конфликт СаIуда Iаьрбийчуьрчу сунниташна а, ГIажарийчуьрчу шиIийташна а юкъахь лаьтта тIом бу, гIажарой хуситашкахьа хиларца доьзна.
Шен идеологин агIончана кест-кеста бехкаш дохку Эр-Риядо, цо хуситашна тIеман гIо латторна а, паччахьаллина хьалха -хьалха хилла тIелатарш вовшахтохарна а. Масала, Стигалкъекъа-баттахь мехкадаьтта доккхучу шина станцина дина кеманца тохарш.
"Регионехь шайн таронаш шоръярехь ГIажарийчоьнан планаш кхочушъен гIирс бу - хуситаш", - аьлла, Стигалкъекъа-баттахь динчу тIелатарх вистхилла СаIуда Iаьрбийчоьнан тIеман министран гIовс Халед бен Салман.
Тергамчаша масийттазза билгалдаьккхира, хуситаша оьрсийн а, советан заманахь еш хилла а ракеташ лелош хилар.
Тамашен ду кхузахь, "Арамкон" гIишлошна тохарш дича, Москвано ГIажарийчоьнехьа гIо дахар.
ШиIитийн Iедалхошна тIетайначу Оьрсийчоьнан президентех Путин Владимирх Гергарчу Малхбалехь "Абу-Iела Путин", "Аятолла Путини" олу.
"СаIудийн гIишлошна тIелатар динарг мила ву къасточу хенахь, маггане а мегар дац сихо ян. ГIажарийчоьнна гонах евзаш йолчу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн амалехь хилларг тидар пайден ца хета тхуна", - аьлла ду Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан хьукматан официалерчу комментарехь.
Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, Оьрсийчоьнан дипломатин цIийно а ялочу комментарешкахь башхалла ю цхьаъ – цара бехкебийраш.
Кадыровна бехкеберш билггал хууш хиларх (хуситашна тIехьа лаьттарш), дипломатийн шайн дIахьедаршкахь Iамерка йоцчунна цхьанна а бехкаш ца дохку.
Масала, арахьарчу гIуллакхийн министраллан дIахьедарехь гуш ду, Оьрсийчоьно "шога емалдеш хилар тIеман йоцчу гIишлошна тохарш дар".
Оцу некъашца, Москвано гIо доху ГIажарийчоьнехьа. Ткъа Кадыров СаIуда Iаьрбийчоьнна тIехIуьтту.
Дагадоуьйту, нагахь санна паччахьаллина цхьаммо тIелатар дахь, ша хьалхара хир ву уьш Iалашбечарех аьлла, чIагIо йинера цо.
Iарбоша ишта тIеэцнера Кадыровс кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Меккахь йоьдучу исламан конференцехь зевне хазийна дIахьедар.
Ткъа хIинца тIелатар дина. Цкъачунна къаьстина дац, шен социалан машанехь пост хIоттаярал а совнах, кхин хIуммаъ дан дагахь ву йа вац Кадыров.