ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь вице-премьер Iийначу Юсуфовн воI дIавигина Москох. Адвокатца Хасавовца цхьаьна бехктакхаме озийна иза


Тахана къастор ю кхелахоша Дагестанехь вице-премьер лаьттинчу Юсуфовн воI лацаран кеп, хаамбина низамхошларчу "Кавказ.Реалиин" хьасташа.

Селхана, Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь лаьцна иза. Шен ден адвокат Хасавов Дагир а санна, иза бехкево шен дена а, экс-премьерна Гамидов Iабдусаламна а ечу кхеланна тIеIаткъам бан, цига кхайкхинчу тешашка харцдерг дийцийта гIортарна.

Селхханехь Москох кхачийна Юсуфов Вадим. Ткъа тахана Лефортоворчу кхело къастор ю иза жоьпе озош лоцу кеп. Цо тIе ца эцна шена бехк.

Кхаарийдийнахь Москох Басманный кхело изоляторе хьажавайтина адвокат Хасавов Дагир. "Кхаъ баларца я кхерорца харц дареш дайтар" цIе йолчу Бехктакхаман кодексан 309-чу а, "Кхеланна дуьхьалояр" цIе йолчу 294 а артиклашца жоьпе ийзаво иза. Шинарийдийнахь Лефортоворчу кхелехь лецира Нохчийчуьра схьаваьлла гIумки, адвокат Хасавов.

Дагестанехь премьер-министр а, цуьнан гIовс а лаьттинчу шинна – Гамидовна а, Юсуфовна а – бехкедо ХIинжа-ГIалахь изолятор ян хьажийна 41 миллион сом лачкъор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG