ГIалгIайн тIеман батальон пхоьазлогIа хьажийна Шема пачхьалкха. Ткъа Iаьрбий хIинцца схьайоьллуш бу шайна ГIалгIайчоь?
276 эскархочух лаьтта гIалгIайн батальон Шема яхана Гезгмашин-беттан 16-хь. Иза церан пхоьазлагIа цига бахар ду. Цу Iаьрбийн пачхьалкхе уьш дIахьажош ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас ша тешна ву элира, эскархоша хакъ доллуш дакъалоцур хиларх Оьрсийчоьнан хьашташ лардарехь.
"Кху деношкахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедира, Шемара тIом дIабирзина, ткъа и республика хIинца юхаметтахIуттуш ю аьлла. ГIоьртина хьал дуьсуш ду цхьайолчу тIемалоша шайн Iуналлехь латточу меттигашкахь.
Цундела машар бинчу меттигашкара хьал тидамехь латто а, меттигерчу бахархошна маьрша дахаре юхаберза гIо дан Шемахь дисина вайн эскарийн жима дакъа. Шемахь латташ ду цигахь вайн тIеман дакъош дита деза хьал"- элира Калиматовс шен вистхиларехь.
ТIеман полицина хьалха лаьттачу декхаршна юкъахь ду Оьрсийчоьнан тIеман дакъош лаьтта меттигаш а, маьрша бахархойн кхерамазалла а, бахаман объекташ а ларъяр.
Масала, Оьрсийчуьрчу тIеман полицин эскархоша дукха хан йоцуш лаьцнера Шеман президентан Асад Башаран армин салтийн тоба. Оьрсийчоьнан байракхаш тIетегна тIеман барзакъ доьхначу наха, лаьтта охьабийшина Асадан эскархой а болуш, гонах лаьтташ боьлуш болу бахархой а болуш, сурташ даьржина социалан машанашкахь.
Зорбан гIирсаша яздора, Асадан салтий базарахь махбархочуьнан сурсаташ лачкъо гIоьртина хиллера Димашкан къилберчу кIоштахь бохуш.
Билгалдаккха деза. Димашкан гӀалин йист Асадан эскарша дIалаьцначул тIаьхьа гIаттамхой хиллачу наха дехар динера шаьш болчу Къилбаседа Кавказера тIеман полисхой бахкийтахьара аьлла. Уьш сатесна болчух тера дара коьртачу декъана шиIаташ болчу Асадан эскархойх кавказерчу эскархоша меттигера суннатхой ларбийр бу аьлла.
"ГIалгIайчоьнах лаьцна дуьххьара хезаш ду суна"
ГIалгIаша а, Къилбаседа Кавказера кхечу эскархоша а Шемахь лелош дерг мухха делахь а, Гергарчу Малхбалехь дукха ца хаьа ГIалгIайчоьнах лаьцна. Иза гуш ду социалан машанашкахь Iаьрбийн меттан сегментера публикацеш а, комментареш а ешца.
Step News цIе йолчу Шеман оппозицин агенталло ГIалгIайчуьра рогIера батальон Шема хьажорца доьзна хоьтту: "Мичахь ю Шема тIеман батальон хьажийна ГIалгIайн Республика?" Ткъа Aksalser.com ресурсо шен хааманна тIетесна ГIалгIайчоь гойту Къилбаседа Кавказан картан сурт.
Наггахь бен хьахош йоцу республикан цIе язйо Iаьрбийн зорбан гIирсаша я "Ингушия", я "Ингушетия" олий. Коьртачу декъана иза хьахош меттиг нисло цуьнан векалш Iаьрбийн пачхьалкхашка баьхкича. Царах дара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хилла Евккуров Юнус-Бек паччахьца цхьаьнакхета СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе эхар а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Москохара векалш а, инвесторш а ГIалгIайчу бахар а.
2016-чу шарахь Лахьанан-баттахь Твиттерехь Йасер цIе йолчу стага, байракх а гойтуш, хаам бира, ГIалгIайчоь цIе а йолуш, "Оьрсийчоьнна юкъахь йозуш йоцу исламан пачхьалкх ю аьлла". СаIудера блогер Муса цецваьллера и хаам бешча. "Дуьххьара хезаш ду суна цунах лаьцна. Тамашеначу хенахь дехаш ду вай: кхузахь а, цигахь а гучуйовлу керла пачхьалкхаш", - яздира цо.
Зорбанан гIирсашкахь ГIалгIайчоьнах лаьцна яздо, шуьйра тидам тIебохуьйтуш цхьаъ хилча. Иштта ГIалгIайчоь хьахийра 2018-чу шарахь Amnesty International вовшахтохараллан бакъонашларъярхо Козловский Олег лачкъийначул тIаьхьа. Iаьрбийн зорбанан гIирсаша яздира Соьлжахь мехкадаьтта дутту станци эккхарх лаьцна а. Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарца йоьзна хилла дуьхьалонан акцеш тидам ца беш йитира Iаьрбийн зорбан гIирсаша.
ГIалгIайн махках лаьцна хаамаш хуьлу туризмаца боьзна а. YouTube-хь каро аьтто бу цу республикан бIаьрг тоха мегар долу сийлахь меттигех лаьцна яккхина маситта видео. Масала, стохка Дечкен-баттахь "Аль-Джазира" телекомпанино репортаж гайтира, вайнехан бIаьвнех лаьцна дуьйцуш.
ГIалгIайчоь чIогIа хаза хийтира СаIудийн Пачхьалкхерчу Iилманчана Фадаак IабдуллахIана. 2018-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Твиттерехь иштта комментарий йитина цо: "Кавказан Къилбаседехь а, Къилбехь а яьржинчу экстремистийн а, джихадистийн а тобанаша аьтто бон идеологин девнаш тIеман конфликташка дерзо. Ткъа со цецваьккхинера ГIалгIайчохь карийначу некъо. Цигахь дуьхьало йон муьлхха а идеологи яржарна, къаьсттина могIарерчу бахархошна юкъахь. Уш маьрша бу баха, бекъабелла ца хиларна суннаташна а, керлачу идеологийн агIончшна а".
Цундела, Iилманчана хетарехь, гIалгIайн юкъараллехь "гIоьртина хьал дац дин бахьана долуш".