ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таррашца лата Iемаш бу кавказхой


Цхьана заманаш хьалха тур коьрта герз хилла лелла Кавказехь. ХIинца цуьнца лата Iемаш бу Къибаседа Кавказера спортхой. Амма атта дац таррашца лата а, оцу латарх спортан "керла кеп" ян а.

Кхо шо хьалха Къилбаседа ХIирийчохь дендан долийна таррийн сий. БуьритIерачу цхьана школан хьехархочо Кусаев Михаила (ала дашна, иза цхьа хан хьалха "Дог дIало берашна" олучу федералан конкурсехь дакъалаьцна ву) кхоьллира берашна, театрехь санна а доцуш, баккъал а таррашца лата Iамош йолу клуб.

Шен болх бора клубо, цуьнан зеделлачуьнца цхьаьна кхуьура берийн хаарш а. ХIинца клубан ву массех чемпион – Оьрсийчоьнан, Европан, дуьненан а тIехь.

Клуб шоръелла кхушара, яьржина ерриг а Къилбаседа Кавказехула: секци ю цуьнан Нохчийчохь. Клубо кечбо инструкторш ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополехь а, ГIалгIайчохь а. Ткъа Оьрсийчохь таррийн спорт лела-м ю дикка хан –150 сов клуб ю таррашца лата Iамош.

"Яц Кавказехь муьлха-муьлха спортан кеп яьржаш. Со дуьхьал вац охьатохарх лата Iемачарна, яц гамо футболца а. Бакъду, паргIат-охьатохарх латар яц къоман спорт. Футбол а яц вайниг, вайн къаьмнийн спорт. Вайн латар – гIодаюккъехь доьхкарш а долуш, цаьрца латар ду, амма иза ца даьржина вайлахь, Оьрсийчохь даржа новкъадаьллехь а", - боху Михаила.

Бераша шаьш къасто еза шайна еза спорт, тешна ву Михаил. Таррех латар шатайпа спорт ю, дегI а, кхетам а бахчабо, дуьйцу цо. Ткъа таррашца латар кхераме дац, цо бахарехь – полимерах дина ду тарраш, турсаш а леладо леташ.

"Министерстве а воьдий, дуьйцу ахь, и тайпа спорт ю, олий. Цецбовлий, хьуьйсу хьоьга: "И стенна оьшу вайн республикехь?" Ас жоп ло даима а, вайн махкахь берриг а кегийрхой бац леташ я футболах ловзуш, цхьаболучарна кхин спорт еза, олий. Урамашкахула эрна лела бераш схьалехьор ю тхан Iалашо. Тхоьца уьш ца хилахь, арахь хир бу, интернет чохь хир бу, цигахь дуьсу церан дахар хенан йохалла", - дуьйцу Кусаевс.

Таррех латар гIеххьачул даьржинехь а, хала даьржаш ду ХIирийчохь. Кхечу спортан кепашца доллу хьал ду цуьнца а: ахча дац, Iедалера гIо дац, харжаш йийраш берийн дай-наной бу, дIа ца яхало спорт тIаккха.

"Спонсорш бац тхан, хьал долучарна ца оьшу тхан спорт. Со спортхо-говзанча ву таррех леташ. Цундела гIерта таррийн кеп яржо а. Тхо дуьненан чемпионате доьлхуш, цхьана хьолахочо ша гIодийр ду бехира. Амма кхочуш ца дира делла дош. Шайна пайда хуьлучу гIуллакхе бен ца хьийсадо наха ахчанаш. Ткъа Iедало, бюджетехь ахча дац, олу", - леткъа Михаил.

Таррех лата Iемаш мел оьшу йийбар, гIирс шен ахчанах оьцу Кусаевс. Кредит эца а дийзира цуьнан оцу Iалашонца.

"Делахь а тахана хьалхачул тоьлаш ду тхан хьал. Дукха хIума ца тоахь а, тоьа тарраш, турсаш. Дукха хьолехь тхаьш бина гIирс а лелабо, амма иза къовсамашка бахьа мегаш бац. Лаьара цхьа дика, комаьрша совдегар махкахь каро – оха баркаллаш бохуш, вазвина вуьйцур вара иза массанхьа а. …Тхуна серло оьшура тхаьш Iемачу чоьнаш чохь. Тхо хьагна ду, тхаьш Iемачу кху метте а ца лелаш, тхешан йолчу йоккхачу зал чохь Iама – цигахь серло ледара ю", - дикане сатийсарца дуьйцу Михаила.

Кху муьрехь Анапе къовсадаларшка баха кечлуш бу таррех латархой. Оьрсийчуьрчу кегийрхойн ловзарш ду цигахь кеста дуьйлалуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG