ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Исламах видео гайтаран бахьанах кхетийна Нохчийчохь


Зудчунна кхерамаш туьйсуш ву Кадыров Ислам
Зудчунна кхерамаш туьйсуш ву Кадыров Ислам

Нохчийчхь маьIна дина Соьлж-ГIалин хиллачу мэро Кадыров Ислама адамашна ницкъ беш хиларх лаьцна яьккхина керланийн сюжет гайтаран. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто".

Шен цIе цаяккхар дехначу газетан хьастано чIагIдо, керланашкахь иза дийца бакъо елларг республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву бохуш. Иза дина "юкъаралла тешо, Кадыров Рамзанан гонехь бан а бац, хуьлийла а дац ямартхой, ткъа нагахь цунна юххерчу цхьанна таIазар дахь, иза хуьлу адамийн хьашташ цунна бен ца хеташ хиларна а, шена тIедиллина гIуллакх кхочуш дан цуьнан корматалла цахиларна а".

Кху беттан 25-чу сарахь Нохчийчуьрчу ЧГТРК "Грозный" телеканало сюжет гайтира, Кадыров Ислам Соьлж-ГIалин мэран даржера дIаваккхаран бахьана дуьйцуш.

Цу видео тIехь гуш ду Iедалхочо ток етташ зударий хьийзош а, адамашна тIечехаш а, кхерамаш туьйсуш цу нахера цхьаъ даккха гӀерташ а, цара цхьаъ дина хиларан тоьшаллаш дахархьамма. Полицино таллам болийна цунна дуьхьал.

Кадыров Ислам Нохчийчоьнан куьйгалхо вен дагалаьцна хиллачийн декъахь хилла мега аьлла, яздинера шен материалехь «Керлачу газето» («Новая газета»). Цо дийцарехь, Исламан телефонаш тIехь йолчу книги тIера схьа а язйина, Кадыров Рамзанан мостагIашка цуьнан телефон елла хиллера Исламан гергарчу цхьаммо (Яхиханов Валида). Мехкан куьйгалхочо бакъдира ша вен гIортар, цул тIаьхьа гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Нохчийчуьрчу талламчийн версица, Кадыров Рамзан вен Iалашо хIоттийнарш бу вежарий ЯмадаевгIар.

Iораваьккхинчул тIаьхьа, хезаш хилла а воцу Кадыров Ислам цIеххьана мехкан телеэкранехь гучуваьккхира, шина а куьйгах хьерчийна кисеш а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG