ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн идеологи йоьлла кинох


"Хьалхара нох тасар" цIе йолчу даздаехь ву Кадыров Рамзан, 2012 шо
"Хьалхара нох тасар" цIе йолчу даздаехь ву Кадыров Рамзан, 2012 шо

Керлачу фильмашкахь дийца сацам бина нохчаша Оьрсийчоьнна бакъ тешамца гӀуллакх дина бохуш а, адамаш Европе ца гIертаийта а, уьш КадыровгIара беза Iамо а, ткъа иштта чIир эца лаамах юхабаха а, яздо Кавказ.Реалиино. Делахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхетам дукхачу хьолахь цхьаьнабогIуш бац республикерчу могIарерчу бахархошна хетачуьнца.



Нохчийчуьра пачхьалкхан телевизионо кестта дIадерзор долуш ду "Мохе хьоьжург" (Созерцающий ветер") цIе йолу историн кинофильм яккхар, яздо Кавказ.Реалиино. Цу фильмехь авторш дийца дагахь бу гIезалойн-монголийн тIелатаршна дуьхьал лаьттинчу, Тебулосмтан (Тулой-лам) ламанан бохь ларбеш а хиллачу къоман турпалхойх. Телеканал дагахь ду Нохчийчоьнан историн уггар ладаме хиламех лаьцна фильмийн дийнна цикл кхолла.

ЧГТРК "Грозный" телеканалан коьртачу редакторо Центроев Зураба дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комисси кхоьллина хиларх лаьцна, "вайн дайн дахарх а, амалех а лаьцна цуьргашкахь хаамаш гулбеш йолу". 2018-чу шарахь Заздоккху-баттахь цу комиссица ша цхьаьнакхетча Кадыровс дIахьедар дира, "баккъалла а нохчийн истори Iамийначарна хаьа, вайн дайша бакъ тешамца гӀуллакх дина хилар шайн даймахкана – Оьрсийчоьнна" аьлла.

Республикан куьйгалхочо, бакъдерг дийцича, билгал ца даьккхира хьена дай бу ша буьцурш бохург. Кадыровс, гарехь, пайда эца сацам бинера юкъара жамI даран кепах, масаллина шен да а эцна.

Нохчийн Iедалан вовшахтохараллаша я зорбан гIирсаша йохучу историн фильмаша дуккха а хаттарш кхуллу дуйцьург бакъхиларца доьзна долу. Нохчийн юкъараллехь турпалхой лоруш Iедал ду паччахьан империна а, Советан Iедална а, кхузаманахьлерчу Оьрсийчоьнна а дуьхьл летта нах.

Амма Кадыровна турпалхойх хетарг дукхачу хьолехь цхьаьнадогIуш дац Нохчийчуьрчу могIарерчу бахархошна хетачуьнца. Цу тайпа нах бу адмирал Угрюмов а, Чермоев Орцу а, инарла Трошев а, Псковера десантхой а. Уьш лараран хьакъ дӀалуш церан сийна цIераш техкина Нохчийчоьнан куьйгалхочо урамашна а, Соьлж-ГIалин йистошкарчу гӀалин кепара эвланашна а.

Кадыровс куьйгалла дечу Нохчийчуьра кинематограф, дуьххьара гIортаца иза ца нисделлехь а, йолаелла меттигерчу Iедалшна хетарг хьалхатоттуш сюжеташ йолу фильмаш яха.

2009-чу шарахь Кадыровс сацам бира нохчийн къоман киностуди кхолла. Цуьнан куьйгалхо хIоттийнера режиссер Шерипов Инал. Делахь а ГУП "Киностудия 'Чеченфильман'" куьйгалхочун даржехь Шерипов дукха ца Iийра. 2012-чу шарахь цо дитира и дарж, шена кинематографах а, исбаьхьаллах а хетарг республикан "Iедалшна хетачунна нисса бIостанехьа" хилар гучудалар бахьана долуш.

ТIаьхьо "Чеченфильм" дIаяьккхира, курхалла лелорна бехктакхаман гIуллакх а долош. Меттигерчу культуран министралло тIедожийра юхадалар "Сингаттам" (Тоска) цIе йолу, Чеховн дийцар бухе а диллина, кино яккха киностудина дIахьажийна хилла 21 миллион сом. Фильм яккхаза йисира.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентаца къамел деш Шерипов Инала хаам бира, Нохчийчоь шена чIаьгIна ю кхоллараллан проекташкахула аьлла. "Республикехь кхоллараллан процессах лаьцна дуьйцийла дац. Цигахь хуьлург уггар кхиаме ерг ю агитпроп. Ткъа иза суна кхолларалла яц, цундела бехк ма билла", - элира режиссеро.

"Деган кхайкхар" фильм. Путинан а, Кадыровн а портреташ даккхий ду актерийн яххьел а
"Деган кхайкхар" фильм. Путинан а, Кадыровн а портреташ даккхий ду актерийн яххьел а

Цул тIаьхьа дукха хан ялале Нохчийчохь юха а киностуди кхоьллира, хьалха хиллачуьнан цIарх терра цIе а йолуш. Амма хIинца иза хилира ООО "Чеченфильм". Инарлин директор хIоттийра Iедалшна алсам муьтIахь волу Терекбаев Беслан. Цо куьйгалла а деш яьхна "Хиро" (Херо?) (Отчуждение), "Генара суьйре" (Далекий вечер), "Деган кхайкхар" (Зов сердца), йоккхуш ю фильм "Тоьлла доттагI" (Лучший друг).

"Генара суьйре" фильмаца Европа а, чIир а йитийта

"Генара суьйре" (яьккхина 2013 шарахь, "Кинопоискехь" ю 2015 шарахь дуьйна) яьккхина "BT Production" а, Терекбаевс куьйгалла дечу нохчийн кинона гIортор яран "Достоинство" (Сий) фондан а студеш. Фильмо дуьйцу нохчашна юкъахь лелачу цхьадолчу гIалате ламастех лаьцна, ша аьлча зудабераш идор а, чIир эцар а санна долчерах. И кино яьккхира, Кадыровс гIаттийна йолу Нохчийчохь дуккха а чIирхой куьйгабахийтаран акцеш дIахьош. Меттигерчу Iедалийн политикан гар хьалхататтар гуш ду "Генара суьйре" кино чекхъяьллалц.

Иштта, сюжетехула дуккха а шераш девлла Соьлж-ГIала цIавирзинчу фильман цхьана турпалхочо дуьйцу шен накъосте муха битамаш битина шена "ойла ялур йоцу" дикачу агIор гIалахь хиллачу хийцамаша (13.30). "Ур аттал Европехь а яц цу кепара хазаллаш", бохуш дуьйцу цо, цига дIабахана нохчий юханехьа республике цIабахка лууш бу бохуш.

Фильман цхьана сюжетехь хIинцца чувоьллинчу тутмакхо набахтехь 8 шо даьккхинчу шеца камери чохь волчуьнга (криминалан авторитете) дуьйцу республикехь дикачу агIор хиллачу хийцамех лаьцна.

"Европехь уггар доккха маьждиг, реставраци йина паркаш, яккхийн махбаран центраш", - багарбо хийцамаш керлачу зэко. Маьршаваьлча турпалхочун шена го и дерриг а, цундела шен уьйраш хедайо цо криминалан дуьненца, хIунда аьлча "Дала ирсе дина вай, оццул (Кадыровн Нохчийчоь санна) беркат а делла", ткъа рицкъ даккха таро ю хIинца хьанала.

Ша Терекбаевс роль ловзочу цхьана бакъхьарчу фильман турпалхочун белхан кабинетехь уллера гойтуш ду гура чохь долу Кадыровн доьзалхойн сурт (34:25). Ткъа ша фильм хьажийна ю "Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сирлачу безамна".

"Генара суьйре" нохчийн исбаьхьаллан фильман сурт
"Генара суьйре" нохчийн исбаьхьаллан фильман сурт

2007-чу шарахь таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо къоман киностуди кхолла еза аьлла дIахьедар дале хьалха Терекбаевс яьккхинчу "Хиро" фильмехь цу тайпаниг доцуш ду. Ткъа "Деган кхайкхар" (Зов Сердца) фильм каро аьтто бац "Чеченфильман" официалан сайта тIехь. Интернетехь кхечу хьастанаша гойтуш цу фильмана хьажийна трейлер а бен яц.

"Иштта бен карор яц фильмана финансийн гIортор"

Фильмийн чулацамехь пропаганда хиларца йоьзна шегара Терекбаевгара комментари эца аьтто ца белира, яздо Кавказ.Реалиино. Ткъа Шерипов Инал реза ца хилира мах хадо нохчийн кинематографистийн таханлерачу белхан.

"Соьга мах хадалур бац кхечеран, церан белхан а, исбаьхьаллин а тIегIа суна ган луучунна вуно гена делахь а. Амма, мухха делахь а, адамаш цхьаъ дан гIерташ бу. Критикан чулацам болу мах хадор сан агIор нийса хир дацара", - элира режиссеро.

Цунна хетарехь, кхузаманахьлерчу Нохчийчоьнан хьелашкахь "агитацин а, пропагандан а дакъа" фильмашкахь хаьлхарчу меттехь хир ду. Иза иштта хилча бен каро аьтто бац, Шериповс бахарехь, "администрацин а, финансийн а гIортор".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG