ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Данне а дан хӀума доцуш сагатло цуьнан"


"Каха и Серго" YouTube-каналан роликан декъан скриншот "
"Каха и Серго" YouTube-каналан роликан декъан скриншот "


Кху деношкахь Нохчийчоьнна коьртехь волчу Кадыров Рамзана бевзаш болчу болгершца дакъалецира йоца забарен роликашкашкахь. И видеош республикан куьйгалхочо дIахIиттийра Instagram-чу шен агIонехь, яздо Кавказ.Реалиино.

"Вайнийн (Вайнаш - Instagram-блогерш йоху йоца забарен роликашред.) сюжет дIоггара кIорга чулацаме а яц. Хуьлуш ма хиллара, ерриг а забар хIоттийна ю "Нохчийчоьнан куьйгалхочун авторитет" гайтарна гонаха.

Иштта цхьана видеохь Кадыров васт ловзош ву буьрсачу спортан тренеран. Серго цIе йолу блогер кечвеш ву цо ондачу латархочух тасавала. Тасаваларехь дуьхьалонча охьавужу, латар дIа а доладалале.

ГIадваханчу Сергона моьтту ша иза цхьана хьажарца эшийна, амма гучудолу цуьнан бахьана блогерна тIехьа лаьтта Кадыров Рамзанан хилар дуй.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун керла марздаларан мах хадийна оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Цо дехар дина Кадыровга, дерриг а дитий, юморан видеош яхарна чугIо, тIаккха ша цунна критика яр дуьтур ду аьлла.

"Иза хIинца вайнер ву вайн. Со хазахетта вара и хаам кхаьчна! Сатесна ву со, цу тIехь Кадыров соцур вац, иза буьззинчу барамехь вайнийн темана юкъагIур ву аьлла", - дIахьедар дира цо шен тIаьхьарчу цхьана видеохь.

"Вайнаш – цуьнан похIма"

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттира Нохчийчуьрчу бахархошка Нохчийчоьнан куьйгалхочо дакъалоцучу забарен роликех лаьцна хIун хета шуна?

21 шо долу Марет студент ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан. Кадыров Рамзана хийца ца оьшу аьлла хета цунна ша дийриг, хIунда аьлча иза дика лараво шен карарчу хенахь болчу балхаца.

"Цхьа а вон хIума ца го суна, цу роликашкахь цо дакъалацарна. Амма тешна ю со, цо уьш даиман а яха цаоьшу бохучух. Иза бакъволу политик ву, ткъа цуьнца догIуш дац дукха тIех цу роликашкахь хилар", - дуьйцу йоIа.

Цунна тIетов 42 шо долу Соьлж-ГIалара яхархо Жанета. Цо дийцарехь, "политкехь цу тайпачу роликашкахь дакъалацар догIуш дац".

"ГIоле хир дара иза республикехь хIун-муха ду хьаьжча. Арахь Iа ду вайна, ткъа дуккха а бераш долчу доьзалийн газ дIахедайо, цо омра а луш, декхар тIехь ду бохуш. Дахар тIех дика хиларна гучу ма ца девлла церан и декхарш. ГIоле хир дара цо иза дIанисдича, и шоуш хIитточулла а", - аьлла хета зудчунна.

"Нагахь политика йитина иза вайнаш яха дIаводахь, цуьнан меттиг дIалоцур ю и санна волчу кхечо", - бохучух тешна ву 25 шо долу Петропавловски эвлан вахархо Iела.

"ХIун маьIна ду ю сабанах хийца? Иза вевзаш хир вара оцу кепехь а, амма цуьнан вайнаш беламе хир яра ала хала ду. Нагахь шиннах цхьаъ хоржуш хилча, иза, Путинан гIуллакх дон президент а воцуш, вайнер хила луур дара суна", - боху жимачу стага.

"Видеошна Кадыровн идеяш кхачор ю, нагахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж а дитина, цунах вайнер хилахь, - боху 33 шо долчу совдегаро ЖовхIара.

"Нагахь цунах блогер хилахь, цуьнан дезар ду забаран кхин стил лаха. ХIинца цо лелориг ду шегахь Iедал хиларна, шена луург даиман а кхочуш деш хилар а хууш. Ткъа цо и дарж дитахь, стенах лаьцна хир ю церан забарш? Вайнаш – нисса цуьнгахь догIуш хIума ду, суна хетарехь. Амма тIаккха цо забарш кхолла езар ю шен ладамаллина тIехь а ца кхуллуш, кхечунна тIехь", - тешна ву иза.

"Адамаша дукха сиха дицдо и стаг ма дарра аьлча мила ву бохург", - дуьйцу 40 шаре ваьллачу Соьлж-ГIара вахархочо Ансара.

Цунна хетарехь, "и видеош арахецарца иза хIинца ву царна забарча а, вайнер а, квнщик а".

"Цхьанха а дIагIура вац иза. Блогерш а кхайкхина, и роликаш йина цо. Гарехь, данне а дан хӀума доцуш сагатло цуьнан, иштта шен самукъадоккху цо, шега ма даккхало", - боху цо.

Мехкадаьттан университетан студенто, 20 шо долчу Седас дуьйцу цу кепара забарш ца еза шена, амма Кадыровс дакъалоцу роликаш, цунна хетарехь, "беламе ю".

"Эр дацара ас, хIинца цунах ванер хила веза аьлла. Иза а, важа а цо дийриг цуьнан гIуллакх дац", – боху цо. Ткъа муьлхачу сферехь дика хир вара иза ала ца хIоьттира йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG