ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 кавказхо доьза вайарна бехкейина Оьрсийчоь Европан кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел яьлла «Саидова а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал», «Темирбулатова а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал» девнаш листина. Иза толлуш яра Къилбаседа Кавказера 20 вахархо 2000-2006-чу шерашкахь доьза варна мел бехке ю пачхьалкх.

Сацамо бахарехь, лаьцна вигинчу 20 кавказхочун конституцино луш йолу коьрта бакъонаш талхийна Оьрсийчоьно.

Масала, террорхо хиларх шеко йолуш Москвахь лаьцна хилла цIера Дагестанера волу Саидов Салахь. Иза ХIинжа-ГIаларчу полице, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу «ОРБ-2» декъе а вигина, доьза вайина Iедало. Оццу хьесапехь байина Оьрсийчоьно Страсбурго хьехийна массо а нах.

Каронза висинчу 20 вахархочун гергарчарна 1 миллион 600 эзар евро ахча дала декхарейина кхело Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG