«Даймахкана хьалха хьунарш гайтарна» 2-чу даржан орденан мидал (медаль ордена "За заслуги перед Отечеством" II степени) елла Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонехь сенатор волчу Геремеев Сулиманна – Немцов Борис верца доьзна лаца кхайкхийначу Геремеев Русланан гергарчу стагана. СовгIатдар нисделла дуьненна а вевза оппозиционер вийна 5 шо кхочучу дийнахь.
Официалерчу низамийн портало бигаллдоккху Геремеев Сулиманна мидал «парламентаризм деборна, низамаш кхолларехь жигара хьийзарна» елла хилар.
Амма "Медиазона" тобано теллина Пачхьалкхан Думин архив – цо бахарехь, пхеа шера чохь цхьа а низаман проект яц Геремеев Сулимана йийцаре йиллина, ткъа ша сенатор волчу 11 шерахь цо чуеллачу 7 проектах цхьа а яц тIеэцна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера ву Геремеев Сулиман. Шича ву иза Думерчу депутатан Делимханов Адаман. "Новая газетан" талламо бахарехь, массех гIарадаьлла зулам ду сенаторх хьакхалуш хила мегаш. 2009-чу шарахь Думин депутат, Кадыров Рамзанца къийсамехь лаьттина Ямадаев Руслан вер толлуш, кхело лен а вира сенатор Геремеев.
Цуьнан цIийнан стаг ву «Север» («Къилбаседа») батальонан декъехь буьйранча Iийна Геремеев Руслан. Немцов Борис вуьйш, зуламхой вовшахтоьхнарг ву аьлла, лаца кхайкхийра иза, амма каронза, вуьсу таллмо леванза. Батальонехь цуьнан куьйга кIел Iийна Немцов верна бехке а вина, набахтехь 20 шо токхуш волу Дадаев Заур. Немцовн накъосташа а, гергарчара а шайн леткъамашкахь Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо Кадыровн гонера волу Геремеев Руслан жоьпе озон цалаарна.