Оьрсийн мотт - «бакъонаш цхьабосса йолчу Оьрсийчоьнан Федерацин халкъалахь пачхьалкх кхоллинчу къоман мотт бу» боху хийцам Конституцина юкъабахийта резахилла Пачхьалкхан Думера пачхьалкх кхиоран кхеташо. Иза харцо хета чергазийн юкъараллашна.
«ГIебартойн къоман конгрессан» куьйгалхочунна Бешто Асланана гарехь, оьрсийн мотт конституцица базбар – иза «дешнашна тIехьа лачкъийна шовинизм» ю.
«Мотт – юкъарлонан гIирс бу, цхьа мотт бен ца лелачу халкъан ламасташ а хуьлу цхьана хьесапехь. Цхьа мотт кхечарел лакхара бу, я цхьа халкъ кхечарел лакхара ду, аьлла, Конституци юкъа хийцам биллар – иза, сан кхетамехь, дешнашца къайлахьош йолу шовинизм ю. Оьрсийн маттана, кхечу меттанел иза базбеш, «локхалла» я «пачхьалкхалла» тIеолларх, хир бац и мотт сийлахь, шайн меттанашна гIелояр ловр дац къаьмнаша, цара дуьхьало йийр ю», - билгалдаьккхира Бештос.
ГIебартойн жигархочунна хетарехь, Конституцина юкъабало кечбинчу оцу хийцамо кхерам бохьу адыгийн маттана, синбахамаллина.
«Ас догдоху къаьмнийн меттанаш юьстахтотту болам кестта дIалекъаре, чергазийн матто шена догIу дакъа дIалоцур ду дешаран системехь. Оьрсех доцчу къаьмнашна ассмиляци ян гIертарх гIуллакх хир дац, кхузаман технологеша, коммуникацеша аьтто лур бац. Кестта юьжур ю аьлла хета суна хIинца айина кампани, Оьрсийчоьнан федеративан кеп йохайо цо», - боху жигархочо.
Амма кхин ойла хазийра «пачхьалкх кхоллинчу къоман маттах» лаьцна Дуьненаюкъарчу чергазийн ассоциацин президента Сохроков Хаутис. «Ас а, сан накъосташа а дикка листина и могIа. Цо бохург цхьаъ бен дац – оьрсийн мотт вай массарна а пахчхьалкх дIалелош болу юкъара мотт хилар», аьлла цо "Газета.ру" портале.
Президента Путина конституцина чубелла хийцамаш, шеко а йоцуш, тIеоьцур бу халкъо, боху Адыгейрчу "Адыгэ Хасэ" юкъараллин куьйгалхойх волчу Негуч Шамсуддина.
"Къаьмнийн меттанаш Iамор тIехь дац, аьлла, арадаьккхинчу низаман тIаьхьало ю хIара. Оьрсех боцучийн меттанаш ишта а ду статусехь лахдина, соне дIатовIийна кхобуш. Оьрсех доцчу адамийн а, меттанийн а бакъо цхьаъ йоцчу пачхьалкхехь дехар ду вай кхидIа! Ишта делахь, къаьмнаша шайн республикашкахь а деза арахеца шайн меттанаш лакхабоху низамаш. Мила ваьхьар ву иза дан?! Со реза вац конституци оцу кепехь хийцийта, дуьхьал ву оцу хийцамна», - элира Негуча.
"Кавказ.Реалиица" къамел динчу ГIебарта-Балкахройчоьнан бакъоларъяран центран куьйгалхочунна Хатажуков Валерийна хетарехь, оьрсийн къомаца, цуьнан маттаца бузучу конституцин хийцамо талхайо Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнийн бакъонаш.
"Оьрсийчоьнан цхьааллин бух бохош мина ю иза. Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн бакъонаш хьоьшуш бен некъ бу иза. Республикашкахь яц, ца йитина цхьа а маршо, йохош ю пачхьалкхера федерализм», - тешна ву Хатажуков.