Коронавирусна дуьхьал молха даьккхина ша, иза дан цхьа миллион доллар ахча ло шега, бохуш инвесторш Iехо гIиртина стаг лаьцна Америкехь, хаам "Американ аз" зорбан гIирсо.
Цунах лаьцна хаам бина Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло еарин дийнахь. Цу хаамца а догIуш, кхаарин дийнахь Американ Федералан талламан бюрон (FBI) агенташа Лос-Анджелесехь (Калифорния штат) лаьцнарг ву 53 шо долу Миддлбрук Лоуренс.
Иза хилла Федералан талламан бюроно тIевахийтинчу агентаца и стаг цхьаьнакхеттачул тIаьхьа. Цу цхьаьнакхетарехь курхалчо ша юкъадаькхина ду бохучу молхан буьртигаш делла хилла талламан бюрон агенте, уьш мелча коронавирус хьакхалур яц аьлла.
Юстицин министралло чIагIдарехь, Миддлбрука YouTube-хь а, Инстаграмехь а рекламин роликаш яржош хилла, COVID-19 вирус ца кхетийта ша юкъадаьккхинчу молханан буьртагех а, ткъа иштта ун кхеттачу нахана дарба дан ша юкъаяьккхинчу кочаллах а лаьцна. Лаххара а царах цхьаьнга хьажна 1 миллион сов стаг.
Федералан талламан бюроно бехктакхаман гIуллакх долош федералан кхеле хьажийначу дехарехь аьлла ду Миддлбрука Iехийна дехна инвесторшка шен долахь йолчу Quantum Prevention CV компанина ахча ло, ша вуно боккху пайда бийра бу шуна, тамашийна молха а доьхкина аьлла.
Цу сов, курхалчо дIахьедарш деш хилла, шен компанин инвесторех цхьаъ вевзаш волу баскетболхо хилла Джонсон Эрвин ву бохуш. Талламхоша дийцарехь, Джонсонна ур-аттала хууш а ца хилла ша "инвестор" хилар.
Лос-Анджелесехь суьдхошна хьалха хIотта везаш ву Миддлбрук хIокху кIиранах. Кхелехь цуьнга бехк кховдор бу курхалла лелорна. Нагахь и стаг бехке ларахь, иза чуволла мегаш ву, набахтехь даккха 20 шо хан а тоьхга.