Абдуллаева Зайнаб
Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центро довзийтина Къилбаседа Кавказехь Iедална дуьхьал тIемаш бинчу нехан доьзалшна адаптаци ярца долу хьал. Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а 40 зудчуьнгара эцначу интервьюн буха тIехь хIоттийна Центро шен «Кханене – маьрша гIулч?» цIе йолу таллам.
Муха беха тIеман конфликташкахь цIийндай байина я уьш еххачу ханна набахтешна чубохкарна цхьалха бисина зударий а, церан бераш а, теллина тептаран авторша.
"Хиллачу къамелаша гойту, мел боккха Iаткъам лов зудчо майра верца, лачкъорца, чуволларца доьзна. Оцу Iаткъамаша могашалла галъяккхина дукхахболчу зударийн. Дуьххьарчу беттанашкахь шайна хилла вас, дахар маьIна доцуш дисар, дегнаш чу кхерам боссар, гIорасиз хилла шаьш дисар далхадо цара. ЦIийндайх хаьдча, шолгIа маре ца деш, бисина Iачу зударша бахарехь, цаьргахь биллина лаьтта сингаттам, цхьаболучара бахарехь, царна даиманенна а доьхна дуьне, баха гуьнахь доцуш бисина уьш, - боху талламо.
Интервью еллачу зударех ах сов бу биллина бан болх боцуш я хIусам йоцуш. Уьш Iедало лучу социалан гIоьнца беха, гергарчара кхобу, боху документа тIехь. Къамел диначех массех зуда ю Нохчийчьурчу Iедало цхьа а гIо доцуш йитина – уьш бехкебо церан мароша пачхьалкханна дуьхьал тIемаш барна.
Талламо бахарехь, тIемалойх бисинчу а, тIемаш барна набахтешка хьийсийначу а нехан зударшца Iедало лелош долу юкъарло цхьана кепехь бен дац – полицехула. Амма и зIе хIора республикехь а шен башхалла йолуш хуьлу. Оцу маьIанехь гIолехьа го документ хIоттийначарна ГIалгIайчуьра хьал. Оцу республикехь талламчаша ца талхийна тIемалойн зударшкара маройх жоп дехарца низамаш.
Кеп-кепара гайтина Нохчийчуьрчу зударийн оцу категорера хьал документо. «Ницкъхоша шайна Iаткъам бо боху цхьаболучара, вуно йоккха гIело йо, боху кхечара. Цхьана декъо, шаьш ца хьийзадо Iедало, аьлла»
Уггаре дукха тIемалойн зударшна Iаткъамаш бийриг ю Дагестан, Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центро бахарехь. Цигахь «профилактикан тептар» ду лелаш, дIаязвина махкахь «хенан йохалла экстремист хила тарлуш волу» 16 эзар вахархо. Оцу тептарахь бу Iедална дуьхьал тIемаш бинчу нехан доьзалхой.
"Сан бераш а ду оцу профилактикан тептарахь. Берийн инспектор веанера, кехаташ а дохьуш, шайна тIейола аьлла соьга. Уьш (инспекторш – ред) кест-кеста богIу, хоьтту, гIо оьший шуна. Администраце кхайкхира со кхин цкъа а, изза хоьттура. Ас гIо ца оьшу, аьлла. Оха Iедалера цхьа хIума схьаэцахь, тхох дедоцурш дийр ду, тIаккха диллина бераш зуьйш лелар бу – ца оьшу тхуна и «гIо», аьлла талламбечаьрга цхьана дагестанхочо - Заремас.
Документан авторша дийцарехь, царна моьттучул а хала хилла, таллам беш, бисина Iачу зударшца юкъарло карон. Масала, ГIалгIайчохь дукха зударий реза ца хилла интервью яла, шайна «ца лаьа дIадаьлларг кегон», аьлла цара. Ткъа Нохчийчуьрчу респонденташ ца хIиттина къамел дан, иза шайна кхераме ду, аьлла. Дагестанерчу зударша бен ца дина Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центрца парггIат къамел.
Документан авторна, юьйцучу Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина хетарехь, республикашкара Iедал кхета, тIемалойх бисинчу доьзалшца ша юкъаметтигаш кхечу кепехь лелон езийла, амма муха уьш хила еза цкъачунна ца хаьа.
"Шеко йоццуш ду Шемара, Иракъера цIабалийначу зударшна, церан берашна реабилитаци эшар. Амма и тайпа программаш яц кхоьллина, цундела бина оха тхайн таллам, довзийтина жамI. Хаьа Iедална, оцу наханна реабилитаци ян езийла, ткъа ца хаьа иза хIун болх хила беза. Цундела аьлла оха пачхьалкхе а, юкъаралле а тхаьшна хетарг. Пачхьалкхо оцу наханна реабилитаци ян ахча ца лахь а, юкъаралло дийр ду царна гIо – амма хаийта деза наханна, иштачу пекъаршна гIодар зуламе доцийла, Iедало шаьш цхьана кхечу «Iаьржачу тептара» бохур боцийла», - элира Сокирянскаяс.